ТIекхочийла долу линкаш

Алапа хир дац ГIирмехь Оьрсийчоьнан паспорт ца хилахь


Оьрсийчоьнан паспорташ доцучу бахархошна социалан ахча а, пенсеш а, алапаш а лур дац бохуш чIагIдо ГIирмехь шайн лаамехь Iедал дIалаьцначу наха. Цигарчу Iедалан куьйгалхо ву ша бохучу Аксенов Сергейс дийцарехь, Оьрсийчоьнан паспорт дсхьаэца лууш воцучу стеган дог дохийла а яц Оьрсийчоьнан Федерацино бийра болчу аьттонашка.

Цуьнца цхьаьна керлачу Iедалша бохур дац ГIирмерчу бахархошка Украинин паспорташ охьадахка, бохуш чIагIдо цо. Ирх-пурх массера а дезар ду Оьрсийчоьнан паспорташ схьаэца аьлла хета Аксеновна. Шина пачхьалкхан мехкахо хилар Оьрсийчохь магош хилча, шаьш а доьхур дац иза боху Аксеновс.
XS
SM
MD
LG