ТIекхочийла долу линкаш

Карош дац Малайзин Боинг -777


ХIинца а каронза ду Шоьтан дийнахь дайна долу «Боинг-777» некъахойн кема. Малайзин а, Вьетнаман а некъахойн авиацин куьйгалхоша бинчу хаамца, лайнеран дакъош ца карийна Китайн спутнико уьш хила мега аьлла гайтинчу меттигашкахь.

Хьалхо хаам бинера цу спутнико даьккхинчу сурт тIехь Къилба-Китайн хIорд чохь Вьетнаман бердаца гуш ю 20 метар сов еха а, шуьйра а йолу цхьацца хIуманаш аьлла.

Malaysia airlines-компанин лайнерна тIехь вара 239 стаг. И кема дара Куала-Лумпурера Пекине доьдуш. Цхьаъ хилла, орца доьхуш цхьа а сигнал ца елла цу кемано.
XS
SM
MD
LG