ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан мисси кхаьчна Украине


Цхьаьнакхетнаначу Къаьмнийн Организацин мисси болх бан йолаелла Украинехь. Цу миссин декъашхоша мониториг йийр ю цу махкахь адамийн бакъонаш ларъярна. Цхьаьнакхетначу Къаьмнин Организацин инарлан секретаран гIоьнча волчу Шимонович Ивана дIахьедар дина ПIераскан дийнахь и мисси болх беш хир ю ерриг а Украинехь, шена юкъахь ГIирма а йолуш аьлла.


Цо дийцарехь дуьненанюкъараллан сагатдеш дерг ду бакъонаш ларйон институташ ледара хилар а, адамашна тIехь къизаллаш лелош хилар а, тIех сов ницкъхах пайда эцар а, лар йоцуш адамаш дар а. Шимоновича хаам бина Украинехь дуьхьалонан акцеш йолуш снайперша адамаш дайар талла дезаш ду аьлла.
XS
SM
MD
LG