ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхечйеш ю Европа


Оьрсийчоьнан махкахойн 130 цIе техь йолу лист кечдина Евроберто дуьхьал санкциш кхайкхон. Уьш бу Оьрсийчура лаккхарчу даржашкахь болу белхахой. Царна доьхкур ду Европе баха визанаш ялар.

Ткъа иштта белх бечура совцор ю церан Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь йолчу банкашкара чоьташ. И документ кечдина Украинехь лелориг бахьана долуш Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьал сакцеш кхайкхаяхь а аьлла.


Reuters агенталло, Евробертан векалшна тIе а тевжуш бинчу хаамца, и лист хIоттийна Оьрсийчохь болх бина зеделларг долчу дипломаташа. Немцойн Bild газето бинчу хаамца, санкциш кхайкхийначу нахана юкъахь хила мега тIеман министр Шойгу Сергей а, вице-премьер Рогозин Дмитрий а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхо Иванов Сергей а, къоман кхерамазаллин кхеташонан секретар Патрушев Николай а, ткъа иштта цхьамогIа Путин Владимиран хьехамчаш а. И документ Евробертан векалша дийцаре дийр ду Оршотан дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG