ТIекхочийла долу линкаш

"Машаран марш" хир ю Москох


Шоьтан дийнахь Москох «Машаран марш» дIаяхьа дагахь бу оппозицин декъашхой. И акци хьажийна ю Оьрсийчоьно Украинин суверинитет йохорна а, ГIирме эскарш хьажорна а дуьхьал. Верриг а цу маршехь дакъалаца мегаш ву 50 эзар стаг. Оппозцин агIончаша дийцарехь Москох богIур болуш бу Киеверчу Майданан векалш.

Цига кхайкхина ю Украинин премьер-министр хилла йолу Тимошенко Юлия а. Оццу хенахь шайн акци дIаяхьа дагахь бу Оьрсийчоьно Украинехь лелочунна тIехIиттина болу нах а. Цу акцешкахь кхерамазалла ларйеш хир ву 3 эзар гергга полисхо. ТIаманна дуьхьал хьажийна митингаш хир ю кхечу Оьрсийчоьнан гIаланашкахь а.
XS
SM
MD
LG