ТIекхочийла долу линкаш

"Машаран марш" хилла Москох


Эзарнаш наха дакъа а лоцуш тIамна дуьхьал митинг хилла Шоьтан дийнахь Москох. Цул хьалха цу наха Машаран марш дIаяьхьира Пушкинан майданера Сахаровн проспекте кхаччалц. И акци вовшахтоьхначу наха чIагIдарехь, митингехь дакъалоцуш бара иттаннаш эзарнаш декъашхой.

Журналисташ дийцарехь, церан терахь дара 20 эзар гергга стаг. Митинган декъашхоша шаьш реза ца хилар хайитира Кремло Украинехь лелочунна. Цара айина яра Оьрсийчоьнан а, Украинин а байракхаш.

ТIамна духьал митингаш хилира Шоьтан дийнахь Петарбухехь а, Иркутскехь а, Екатеринбургехь а, Самарехь а, кхин йолчу Оьрсийчоьнан гIаланашкахь а.
XS
SM
MD
LG