ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Нохчийчура батальонера салти лаьцна Украинехь


Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх деш волу Нохчийчура вахархо лаьцна Украинин дозанхоша ПIераскан дийнахь. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Машенахь вогIуш волу и стаг сацийна хилла ГIирман дозанца йолчу Чонгар-эвлахь.

Цуьнан машен чохь карийна бронежелет а, масатоп а, патарманаш а, тIеман барзакъ а. Цу стага дийцарехь, церан Нохчийчура батальон дIатарйина ю ГIирмера Джанкой олучу гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG