ТIекхочийла долу линкаш

Украине кховдийначу девнехь жигара хьаьвзинчу оьрсийн стоьлан дайшна дуьхьал санкцеш яьхна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а гIарадаьккхина, шаьш санкцеш йохучу оьрсийн стоьлан дайн цIейоза. Царна юкъахь ву Сурков Владислав, Глазьев Сергей, Слуцкий Леонид, Клишас Андрей, Матвиенко Валентина, Рогозин Дмитрий, Мизулина Елена а.

ЦIейозанна юкъахь Украинера стоьлан дайх ву ГIирман премьер-министр Аксенов Сергей, ГIирман лакхарчу Кхеташонан гIантда Константинов Владимир, Медведчук Виктор, Украинан президент хилла волу Янукович Виктор а.

ХIумма а дуьйцуш дац и санкцеш церан доьзалех хьакхалуш хиларх лаьцна. Коьртачу декъана арахьа бехарш церан хIусамнаной бу, тоьллачу доьшийлашкахь Iилма Iамош бераш а ду.
XS
SM
MD
LG