ТIекхочийла долу линкаш

ГIирмехь къиза вийначу гIезалочуьн Аметов Решатан гIуллакх талла деза боху Human Rights Watch организацино


Дуьненаюкъарчу Адамийн бакъонийн Human Rights Watch организацина хетарехь, ГIирмерчу Iедалша леррина таллам бан беза, Зазадоккху-беттан 3-чу дийнахь лачкъа а вина, цул тIаьхьа, вийна карийначу ГIирмера гIезалочуьн Аметов Решатан долу гIуллакх». Цу ах-гIайренна тIехь тIаьхьарчу кIирнахь низам лелаш ца хилар гойту цо, аьлла дIахьедар дина Европехь а, Юккъерчу Азехьаа цу организацин декъан директор йолчу Денбер Рейчела.

Аметовн гергарчара дийцарехь, тIаьххьара церан стаг Симферопролерчу ленинан майданахь гина ву, протестан акцехь. Цигара иза дIавигина, тIемахойх тера болчу наха.
Аметовс дакъа лаьцна акци, ГIирман Министрийн Кхеташонна хьалха дIаяьхьнера, ГIирме оьрсийн эскарш далорна дуьхьал.

ГIирман муфтиятан зорбан-сервисо «Укринформ» агенталле бинчу хаамца, тIехь къизаллаш лелийна Аметован дакъа, Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь карийна, цу ах-гIайренан Белогорский кIоштахь. Цуьнан зуда а, кхоъ жима бер а дисина.
XS
SM
MD
LG