ТIекхочийла долу линкаш

1944-чу шарахь нохчашна йиначу депортацин мах 10,000 сом хадийна Кремло


Оьрсийчоь -- Оьрсийн президент Путин (Аьр) Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров (Аьт), Ново-Огарево, 01Заз2007

Оьрсийчоь -- Оьрсийн президент Путин (Аьр) Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров (Аьт), Ново-Огарево, 01Заз2007

Къам дохадарна доьзалера цхьанна луш долу 10 эзар сом ахча нохчийн эхье мах хадор санна туьду бахархоша.


Официалан хаме ма даккхара юха а дала долош ду Нохчийчохь , къам додарна Кремло къастийна 10 эзар сом ахчанаш. Оццул ахча, хууш ма хиллара, махках а баьхна Сибреха ховсийначу нахана массарна а, я цигахь бинчарна а луш дац, доьзалехь цхьанний бен. И ахчанаш дала долийна ду 5-6 шо. Цхьа даккхий ахчанаш долуш дахдина масийтта шаре, стенна делахь а, и схьаэцаза бисинчара а,схьаэца реза боцчара а.

Iедалхоша кхайкхорца ахча дала билгалваьккхинарг 95 эзар стаг ву, дIаделларг 70 эзар сов ву маьхькIамхоша чIагIдарца. ТIаьххьара хааме мА-даккхара, хIара карахь болу заздоккху бутт бале бахархошна дIакхачо дезаш ду далаза дисна ахча.

И ахча схьаэцаза бисинчарна юкъахь кIезиг бац, Москохо луш дерг 100 эзарниш хилча а, схьаоьцур дац аьлла чIагIбелларш а, и ахча-мерцхалг кхийдочу Путин Владимиран коьртехь волчу Iедална хеттане а эхь ца хета аьлла ойла ерш а.

Иштачех ю Тамара а. Цо ях а ца луш боцца бовзийтира цу хьокъехь шен хьажам.

Тамара: «Нехан бала а болуш Путинан Iедал дара, цунна эхь хета декхар дара бахархошна и мерцхалгаш кхето. Цу итт эзарнах каш тIе хIотто лартIахь тIулг а ца эцало.Дуьйцу хезча а эхь ду-кх иза».

Соьга бохийначу нохчашна гIоьнна аьлла къастийначу ахчанан хьокъехь йист хиллачу Тамарин санна дог-ойла ерш дукха бу.

Юха а дала долийначу 10 эзарнийн хьокъехь, кхехка а кхехкаш, карзахе дуьйцуш ваьллира Новр кIоштера вахархо, Юккъерчу Азехь вина волу 61 шо долу Аболханов Муса.

Муса: «Цу итт эзарнах йогIуш хIумма а яц. Бахьана ду цара лелориг. Делла аьлла дIадоккхуш бу уьш. Шайн долчух-доцчух а баьхна, бохийна нах, миллий, мацаллий белларш, хIаллакьдина адам, Iаьна юккъехь къам доха а дина. Цхьа бехк а боцуш дакъаза даьккхина адам. И дерриг меттахIотто луш дерг итт эзар ду? Цунах хIун меттахIуттур ду. Стенца дуста деза иза? Кху Оьрсийчохь волу паччахь халкъах дог лозуш мел воцу и саннарг хир ду-кх. жима а нахах эхь хеташ бац лакхара дуьйна охьа».

Маршо радио: - Iедалехь берш меттахбевлча цхьа хийцам хила тарлорий-те?

Муса: «Хила тарлора. ХIунда аьлчи, дIо-о Малхбалехь чу хи а хьаьдда цIено талхийча 2-3 миллион ахча ло. Тхуна итт эзарш. Цунах со а ца кхета .я кхиберш а ца кхета. Бакъду Iедалехь болчара хIумма а дийр ду аьлла-м ца хетта суна.»

Дохадар хьокъехь къамел мел дечара, хIинцца вистхиллачу Аболханов Мусас санна, Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн бен-бен мах хадор санна кхетадо нохчашна. Къам дохадар бахьнехь, зе меттахIотто санна луш долу итт эзар ахчанаш. Оьрсийчохь дехачу кегий къаьмнийн боху бахархоша- суьйлийн. нохчийн цхьа мах хадабо Кремло, гIезалойн. оьрсийн кхин мах, кхечеран кхин… И тайпа бекъам-къестамаш мел бу цкъа а нийсо хир яц пачхьалкхехь. я бахархойн Iедале тешам а хир бац. Ишта хьажам берш кIезиг бац.
XS
SM
MD
LG