ТIекхочийла долу линкаш

Закаев Ахьмад: ГIирма а, Оьрсийчоь а , дуьне а


Оьрсийчоь -- ГIирма Оьрсийчоьнан долаялар даздечу гуламехь, Москох, 18Заз2014

Оьрсийчоь -- ГIирма Оьрсийчоьнан долаялар даздечу гуламехь, Москох, 18Заз2014

ГIирмехь, дуьненанюкъара массо а низам а талхош, дIаяьхьначу референдумо гайтина, цигарчу оьрсашна шайн мохк Оьрсийчоьнах дIатохархьама дерриг а лелон магаш хилар. Магориг Кремл хиларе терра. Амма и мохк долаоьцуш Оьрсийчоьно гайтина дуьненна «сепаратизм» олу болам ша шена ма торру кхетош буйла. Нехан сепаратизм тIе а къаеш, чуьраниг ша цIарца ягайойла.




Референдум ерзарцана дуьнене а, шаьш шайн верас лоручу Оьрсийчоьне а дIахьедарш дира ГIирмехь шайн Iедал дIакхайкхийначу наха, оьрсаша, мохк марша а бели, цунах хIинца йозуш йоцу пачхьалкх а хили аьлла.

Оцу юккъехула яхара делегаци Москох ГIирма Кремлан караяла.

Цхьа а ант доцуш, цIена чекхбаьккхина лору гIирманхоша а, ша а Украинан дакъа Оьрсийчоьнах дIатохар президента Путин Владимира.

Амма цхьана а чоьте ца эцна агIонаша ГIирмин бакъ-дайшна гIезалошна хетарг, луург. Сталина боххорах, децIа шайх дакъа бен кхаьчна а боцчу гIезалойн ницкъ ца кхаьчна шайн махках я жоп дала а, я цуьнан дола дан а – уьш кIезиг бу шайн лаьтта тIехь.

Референдум йоьдучу дийнахь хIара къамел дира Маршо Радиога ГIирмерчу гIезалойн цхьана юьртарчу вахархочо.

ГIезало: «Шога ницкъ хьалха а баьккхина, Оьрсийчоьнан цIуьхIарша хIоттийна Iедал ас къобал ца до. Цара мел дийриг ГIирман къомана дуьхьал ду, суна дуьхьал а ду. Иштта, конституци а талхош, дIахьочу бараме кIезиг хир бу боьлхурш гIирман гIезалошлахь».



Тахана Кремло ГIирмехь шен эскарш а латтош, халкъан лаам а хьошуш, бухара Украинан тIеман дакъош гонехь а кхобуш, шена товрриг дина.

ХIоьттинчу хьоло дагалоцуьйту Нохчийчохь 2003-чу шеран Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь хилла референдум. Хьерабаьлла боьдуш махкахь тIом а болуш, дIабаьхьира хIетахь и барам. Бухаюьллуш яра еккъа цхьа Iалашо – халкъе Нохчийчоь Оьрсийчоьнца юьсу алийтар. Бен-башха а дацара бакъ-сурт, бакъ-лаам, коьртаниг референдум хIоттор дара.

Оцу дийнахь Соьлж-ГIалахь Iедало доьза байина шайн гергарнаш лоьхучу нехан гулам бара лаьтташ. Цигара ду хIара аьзнаш.



ХIетахь мелла а шайн кхаьжнаш белира нохчаша мехкан керла конституци а, Iедал а къобалдеш. Цунах тоам а хилира Кремлана шен аьлларг тIедаккха. Нахана уггаре хьалха луург дара тIом сацар.

Мел башхалла ю Оьрсийчоьно дIакхехьначу а, хIинца ГIирмехь хIттийначу а референдумашна юкъахь дийцира Маршо Радиога дохийначу Ичкерин Iедалан хьалханчас, Европехь бехачу нохчийн лидеро Закаев Ахьмада. Иштта довзийтира цо шена хетарехь дуьнено хIинца дан догIург а.



ГIирма Оьрсийчоьно, дуьненаюкъара низамаш а дохош, долаерзоро Европа а, Iамерка а декхаре йина хиллачун жамIаш дан а, Кремлана дуьхьал санкцеш яха а. И тайпа барамаш берраш а дIакхайкхийна бевлла а бац цкъачунна. Цхьаъ ду гуш билггал: къарглуш, шорлуш ду бакъо коьрта ниIмат лоручу дуьненний, муьлхха а бакъо талхо кийча йолчу Оьрсийчоьнний юкъара цакхетамийн Iин.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG