ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн къам цIерадаккхарх йолу доьххьарлера исбаьхьаллийн фильм, готтачу гуонехь гайтина Соьлжа-гIалахь. ХIумма а атта некъ ца бина иза яьккхинчара.

Йолалушшехь, «Чим» аьлла яра оцу фильман цIе. Амма, иза чекхяьллачу хенахь, иза хийца а елла, «Дицдан омра ду» аьлла ю. ХIокху деношкахь, Соьлжа-гIалахь, Лермонтован театрехь, фильман белхан гайтам дIабаьхьара. Хьажархой- цу тIехь къахьегга йолу актерийн тоба яра. Маршо радионна корреспондент а кхечира цига. Къайлахь. Иштта къайлахь дIа а язйира цигара фильман аудио цхьацца кийсакаш. Фильман автор волчу Коканаев Руслана бакъо а елла, луш ю уьш эфире.

Доьххьара оцу фильман хьажархошна билгалдолуш дерг ду, хила кечбеллачу бохаман йохьиг цигахь юьйцуш хилар. Нохчийн ломанца йолчу яьрташкахь, маьрша дахар, муха талха доладелира, цига ханна аьлла цIечу эскаран ницкъаш чубалийча. Вуьйш, тухуш, чехош, оцу амалехь дIахьо цунна кечам.

Фильман авторо гойтуш ду, цхьаболчу эскархойн адамалла. Къахетарш а бу, къизберш а бу царна юккъахь. Дауд а, Седа а- коьрта ши турпалхо ду цигахь. Обаргий, цуьнан зудий. Шен лаамехь ца волу Дауд цу некъа тIе. Фильман коьрта, чакхенан сурт ду- Хьабахехь нах божал чохь багор. Адамаш цига дIа гул а дина, тIехьожуш, омра делла волу полковник Гвишиани а волуш, ду и адамаллан доьхьал зулам деш.

Кино чуьра кийсак, эпсар: «Сталинс шен куьйг тIаIийначу Iедалан омрийца, шу, вай пачхьалкхан кхечу метте дехьадогIуш ду. ГIовгIа ма е! ГIовгIа ма е! ЛадогIйиша соьга! Шун бахаман доладийра ду Совета Iедало».

Вахархо: «ХIинца ахь ладогIал тхоьга! Тхан бераш, вежарий а, тIом беш бу, вай къоманна тIера, пачхьалкхан тIера, Сталинна тIера. ХIун бахьан долу IарадогIуш ду тхо?

Эпсар: «Собар дехь, воккха стаг. Вайна ма хаара, ломанца шийла хуьлу. Цундела, шу буьйса яьккха божал чу даха деза. Накъостий, Совета Iедал, шуна сагаттадеш ду шуна!».

Цул тIаьхьа, оцу божал чу доьлху адамаш. Цу чохь, массийта сахьт далле, цхьа кIант а волу дуьнен чу. Гвишианига олу, уьш бага муха бо, цу чохь бераш а ма ду олий. Вукхо, бIаьрг негIар а ца тухуш, жоп ло, "уьш ша берш мостагIий бу, таса цIе!"

Кинон чакхехь, оцу хиллачу обаргийн зуда Седа гойту карарчу заманахь, кешнашкахь, Даудан чуьртан хьалхахь лаьтташ. Цу тIехь яздина ду, 1944 шарахь а, 2000-чу шерашкахь а иза велла аьлла.

КIентан кIанта хIотту,- шозза муха велла иза?-. Хьан дедас, олура шен са делла, и нах багош гича, ткъа, дог дегIаца делла.

-Ткъа, иштта хуьлу?, - олий, йилбазан мохехь даьржа жимчу кIанта делла хаттар.

Кино гайтина яьлча, ша лахIти чохь санна тийналла хIоьттира зал чохь. Чуьра серло хьаллатийча, дехьа а, сехьа а, хаза а ца хезаш йоьлхуш массийта зуда а, йоI а яра. Шай тIунделла бIаьргаш гайта лууш, кортош вахьоллийна божарий а бара. Ца дийцича а кхеташ дара, нохчийн къам цIерадаккхарна лерина йолу и фильм нохчаша тIе муха оьцура ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG