ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Конституцин Кхело нийса лерина ГIирма долаяккхаран барт


ГIирма а, Севастополь-гIала а Оьрсийчоьнах тухуш куьг таIийна дуьненаюкъара барт Конституцица богIуш лерина Оьрсийчоьнан Конституцин Кхело. И аьлла хаам бина цу кхелан гIантдас Зорькин Валерийс.

Зазадоккху-беттан 18-чу дийнахь Кремлехь и барт чIагIбира ша шех йозуш ца хилар кхайкхийначу ГIирман векалша а, Путин Владимира а. Оцу кепара, Оьрсийчоьнах кхетта керла ши субъект – ГIирма республика а, федералан маьIна долу Севастополь-гIала а.
XS
SM
MD
LG