ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Севастополера Украинан ТIеман ХIурдан Штабана тIехула оьрсийн байракх оьллина


Оьрсийчоьно Украинера схьа а яьккхина, шех ГIирма дIатоьхна цхьа де даьллачул тIаьхьа, ирделла лаьтташ ду цу ах-гIайренна тIера хьал. Кхаарин дийнахь «ГIирмера шаьш лардаран ницкъаш» а, оьрсашкахьа болу жигархой а чулилхинера Севастополерчу Украинан ТIеман ХIурдан Штабе. Оьрсийн байракх оьллина цу гIишлонна тIе. Цхьаннена а ницкъ бина аьлла хаам бац. Украинан салтий и база Iадъюьтуш гира тIаьхьуо.

Ханна Украинин тIеман министран декхарш кхочушдеш а, шен когаметта а волчу Ярема Виталига и хьал къастаде аьлла Украинан премьер-министро Яценюк Арсенийс. Амма ГIирман лидеро Аксенов Сергейс ша иза чувуьтур вац, аьлла жоп делла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG