ТIекхочийла долу линкаш

Умаров Докка кхелхина боху...


Умаров Докка - Кавказ Имаратан Амир

Умаров Докка - Кавказ Имаратан Амир

Массех бутт бара кеп-кепарчу хьостанаша Кавказ Имаратан амир Умаров Докка велла бохуш хаамаш баржабе. ХIинца оцу хиламах тоьшалла деш ю Имаратан ларалуш йолу сайт «Кавказцентр» а. Юьхьанцачул башха, Умаров вацар бакъ ца деш буьсуш бу тахана а Кремлера кхайкхамчаш.





Умаров Докка кхалхарх тоьшалла дина, цуьнан метта Кавказ Имаратан амираша ша хIоттийна хилар а даржош, хIинццалц Имаратехь къеда лаьттинчу суьйлийчо Iела Абу-Мухьаммада.

Абу-Мухьаммад: «Хьоме вежарий, йижарий! Хаийта лаьа, вайн вашас Абу-Iусмана хIара дуьне дитинийла.

Доккин массо а гергарчаьрга а, иза везачаьрга а, иштта массо а дуьнентIерачу бусалбанашка а кадам бо оха. Баккъал а, бIаьргех хи долу, дог доьлху.

Хьох къастаро тхо гIайгIане дехи, тхан ваша Абу-Iусман!

Вайн вашас ца дохийра ша Далла дина тоба, шен зама кхачаяллалц вара цунна тешаме».



Гарехь, хIинца ца тоьшийла дац Умаров Докка кхелхина бохучух. Кавказан дакъойн, вилайатийн, амираша ша цуьнан метта хIоттийна хилар а хаийтина Iела Абу-Мухьаммада.

Абу-Мухьаммад: «Вайн Вашас ша дуьне дитале шен тIаьхье йитина - 6 стагах йолу Шура. Вешан Ваша шахIид вуйла ма-хиъина, оцу ялханна юкъара цул тIаьхьа вуьсур верг, тоьлларг харжа хевшира тхо. Массара а со хьахийра. Амма суна ца моьттура оццул деза дукъ ас сайна тIеэца дезар ду.

Делахь а, вежарша тIех чIогIа дехча, дийзи сан Далла гергахь и дукъ караэца а, Деле сайна ницкъ беха а. Цундела ас дIакхайкхадо: тIеоьцу ас сайна и жоьпалла».



Хьалха масийттаза а санна, Умаров Докка кхалхарх дуьйцург шен кепехь тергоне эцна Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана а. Аьхаза, бусулба стагна мегаш а йоцчу кепехь ду, цо дина бохуш, цуьнан пресс-гIоьнчалло официалехь даржаде къамел. Оьрсийн маттахь иштта аьлла Кадыровс Умаров а, «Кавказцентр а хьахош: «Смерть крысоматки Умарова подтвердил главный сайт кавказских шайтанов» («Кавказан шайтIанийн коьртачу сайто бакъдина мукхадехкийн нана Умаров кхалхар»).

Шен хьажам бу Умаров Докка кхалхарх болчу хааме нохчийн йозуш йоцчу пачхьалкхах Ичкерех, цуьнан куьйгалхойх волчу, Лондонехь вехачу Закаев Ахьмадан. Иза воккха ца ве баьржинчу хаамах. Амма цунна Кавказ Имарат кхоллар Кремлан проект а яра, цуьнца Путинан гоно нохчийн къоман маршонан болам гара а баьккхира, аьлла хета цунна.



1991-чу шарахь нохчийн лидерша маршоннна самадаьккхира шайн къам. Къомо хаьржира ши президент – Дудаев ЖовхIар, иза вийначул тIаьхьа Масхадов Аслан. ЗIе ца хадош, президентан кхераме дарж шен караэцна шо кхочуш, кхиберш а санна, тешнабехкаца вийра Масхадовн лаамца цуьнан метте хIоьттина Садулаев Iабдул-Хьамид. Эццахь чекхъелира Ичкерин зама. Бусулба мел воцург имане валор коьрта лоручийн карадирзира хьал – тIаккха тиллира Кавказна Имарат цIе.

ХIинца шен шолгIа лидер, амир, нохчех а воцу стаг ву ала тарло Кавказерчу гIаттамхошна коьртехь. Шеко яц, Кремло хIинца керла амир Iела Абу-Мухьаммад лохуш дерриг а Дагестанан лаьмнаш тIекъалтосур хиларх.

Хьанна а, муха а хетахь а, алссам ехар ю кавказхойн лерехь, эсехь Умаров Доккин цIе, цуьнан къамелаш.



Цхьаболучарна бирзина баьлла Кавказера маршонан болам аьлла хета, кхечара сатуьйсу цуьнан зIийдигаш кхиаре а, халкъаш Кремлана къар ца даларе а. Хиндолчун къилбано цкъачунна шегахь кхобу гIаттаман таьхье, хиндолчух кхане...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG