ТIекхочийла долу линкаш

"Оьрсийчоьнца бина барт, иза язбинчу кехатан меха а ца хуьлу"


Оьрсийн ДУМАн депутаташ пачхьалкхан йиш локхуш бу, шаьш ГIирма Оьрсийчоьнан долайоккхуш сацам къобал бинчул тIаьхьа, Москох, 20Заз2014

Оьрсийн ДУМАн депутаташ пачхьалкхан йиш локхуш бу, шаьш ГIирма Оьрсийчоьнан долайоккхуш сацам къобал бинчул тIаьхьа, Москох, 20Заз2014

Маршо радионо хIокху кIирнахь дийцаре даьккхинчу хаттарна дахкийтина жоьпаш.


Нохчийн къоман йозуш йоцу пачхьалкх кхолла лаам а, гIезалойн къоман а бозуш ца хила хилла лаам а охьатаIийна, Нохчийчохь хIинца а Iенаш цIий ду и бахьанехь. Нехан пачхьалкхан декъа ГIирме эскарш хьовсийна, цигахь Оьрсийчоьнах дIатоха йинчу референдум муха мах хадабо аша? - дара Маршо радионан хаттар

Украинера хьал леррина тидамехь латтадо Нохчийчура бахархоша. Дукхах болчара тоам ца бо, оьрсийн телевизионехь дуьйцучух. Ца тешарал совнаха, дукхах болчара ша дерриг а шеконе дуьллу. ИбрехIима ишта дийцира цунах лаьцна.



Нохчийчура Катас бахарехь, ур-атталла, оьсрийн телевизионехь а кIезиг нах гайтара референдумехь дакъа лоцуш. Иза бакъ ца хета цунна.


Салавди а ца теша, ГIирмера референдумехь къоман лаам билгалбаьлла хиларх. Иштта, Оьрсийчоьно шен исторехь хьалха дIаделла а, доьхкина а латтанаш юха схьадаха йолалахь, ша цецвер вац, элира Салавдис.


2003-чу шарахь. Нохчийчохь марсабаьлла боьдуш тIом а болуш, дIаяьхьна референдум шен бIаьргашна гина ву къано Муса. Тоьпаш тIе а хIиттийна тесна кхаьжнаш бакъ ца хета амма. Делахь а, хIинца шена оьрсийн телевизионехь гучух, тешначух тера ву.


Оьрсийчоьнца муьлхха а тIегIанехь бина барт-чIагIам, иза тIеяздинчу меха хета Вистина.


Нохчийчура Сулеймана бахарехь, шайн мохк Европан новкъа бала луучу украинхошна оьгIазвахана яьккхина гIулч ю иза Путина.

XS
SM
MD
LG