ТIекхочийла долу линкаш

Кэтрин Аьштон: ТехIеранца дIахьочу дийцаршкахь хIинца буьсуш бу цакхетамаш


ГIажарийчоьнца зарратан программа йийцаре еш Европан официалехь векал йолчу Аьштон Кэтринас хаам бина, ТехIеранца дIахьочу дийцаршкахь хIинца буьсуш бу цакхетамаш, аьлла.

«Делахь а гIажаройшна лаьа Ингалсенца а, Францица а, Германица а, Оьрсийчоьнца а, Iаьмеркаца а, Китайца а барт карон, иза а ду гуш», боху Эштона.

Оцу юккъехула ду ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Зариф Мохьаммад Джавада, бертан гIуллакхаш цхьана эшшара дика дIадоьлху, аьлла, даржор а. Цунна хетарехь дика жамIаш долуш дIайоьдуш ю Женевехь къамелийн рогIера раунд.
XS
SM
MD
LG