ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан уллера доттагIчо-олигархо Тимченкос йоьхкина шен Gunvor-компанера акцеш


ГIирма бахьанехь Iамерко санкцеш кхайкхийначу Путинан уллерчу олигархо Тимченко Геннадийс дIахьедар дина, йоккхачех йолчу маьхкадаьттан Ганвор компанера шен акцийн дакъа дIадоьхкина ша, аьлла.

Дуьненаюкъарчу компанино динчу дIахьедаро дийцарехь, шена дуьхьал санкцеш кхайкхаяле, кхаарин дийнахь Тимченкос шен карахь хилла деза кехаташ доьхкинера, и компани кхоьллина хиллачу Торнквист Торбьернна. ХIинца цуьнан долахь ю компанин 87%акцеш.

Цкъачунна хууш дац, еххачу хенахь Путин Владимиран уллера доттагI хилла Тимченко араваларо а, цунна кхайкхийначу санкцеша а, Швейцарехь туп тоьхначу Ганвор компанин балхана хIун тIеIаткъам бийр бу.

Оццу хенахь, Bloomberg агенталло бечу хаамца, Iамеркан и санкцеш бахьанехь, маьхкадаьттан трейдершна луур дац санкцеш кхайкхийначу компаница гIуллакхаш лелон. Цуо тIеIаткъам бийр бу цунна йолучу сана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG