ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузено кхайкхийначу санкцеша Iаткъам бина Путинан гонна


Russia - Co-owner of Gunvor, president of the hockey club SKA, Gennady Timchenko, during the presentation of the new ice hockey team SKA St. Petersburg, 23Aug2012
Russia - Co-owner of Gunvor, president of the hockey club SKA, Gennady Timchenko, during the presentation of the new ice hockey team SKA St. Petersburg, 23Aug2012

Малхбузе шен Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу сакцеш чIагIйеш ю, ткъа цу юкъана Оьрсийчуьра Малхбузене уьдучу нехан терахь цкъа а ца хиллачу кепара алсамдолуш ду.


Еарий дийнахь Брюсселехь дIайолаеллачу Евробертан саммитехь цу цхьаьнакхетараллина юккъе йогIучу 28 пачхьалкхенан куьйгалхоша сацам бира, шаьш хьалхехьуо тIеэцна хилла йолу Оьрсийчоьнна дуьхьала санкцеш шорйан.

Масех де хьалха и гIудане санкцеш Оьрсийчурчу а, ГIирмерачу а 20 хьукматхчух хьакхалуш хиллехь, хIинца царна тIекхетта кхин а 12 стаг, церан Европе бахка бакъо а хир йоцуш, ткъа церан Малхбузерачу пачхьалкхашкара таронаш гIорийна сацор йолуш. Немцойн канцлера Меркел Ангелас саммитан хьалхара де чекхдаьлча журналисташка бинчу хаамца, и гIуданаш хьакхалуш ду ГIирма ах-гIайренна аннекси ярна бехкечу хьукматхойх.

Иштта Меркелс дIахьедар дира, нагахь санна Оьрсийчоьно кхин дIа а Украинера хьал тишдарехьа гIулчаш йохуш хилахь, Евроберто кхин а дероха йолу экономикан санкцеш юккъейохур ю аьлла. Цу дерачу санкцийн могIаршлахь лара догIу, масала, Малхбузено Оьрсийчоьнца герз дохк-эцар дехкар а, лакхарчу технологийн гIирсаш бохкар сацор а, ткъа иштта оьрсийн банкийн болх Евробертан пачхьалкхашкахь сацор а.

Банкех дерг аьлча, еарийн суьйранна Цхьанатоьхначу Штаташа иштта йовзийтира шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу керла гIулчаш, оьрсийн банкийн Iамеркехь болх бар сацош йолу. Нагахь санна Европа шен Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш ярехь хIинца а мелла а ца хIуттуш, „кхин дIа чолхе а ца долуш, дIадоьрзур дацара-те хIара хьал“ бохуш санна, къийлалуш елахь, КIайчу ЦIийнан администрацино дIакхайкхийна йолу рогIера санкцеш гIеххьачул цецвоккхуш луьра ю.

Иштта, масала, цара билгалбаьхначу оьрсийн хьукматхошна юккъехь бу Путин Владимиран уггаре а гергара доттагIий, хьалхарниг Тимченко Геннадий а волуш, цкъа мацах Оьрсийчоьнан президентан къоналлехь цуьнца цхьаьна цIарна цIе яххана йолу „Озеро“ кооператив кхоьллина хилла волу, ткъа тахана миллиардхо волу.

Цул совнаха, Путинан администрацин куьйгалхо Иванов Сергей а, Оьрсийн ЦIерапоштанийн куьйгалхо Якунин Владимир а, Пачхьалкхан думин спикер Нарышкин Сергей а, кхин а масех министр а, миллиардийн дай болу Кремлана гергара бизнесхой а.

И санкцеш, цкъа хьалха оьрсийн хьукматхоша сел ца башарца тIеэцна хилла йолу, хIинцале а могIарерачу бахархошна тIеIаткъам бан йолаелла. ПIераскана Iуьйранна дуьйна санкцеша лаьцначу „Россия“ банкана юккъе йогIучу кхечу масех банкашкахь чоташ йолчу нехан аьтто бац, шайгарчу Виза а, Мастер а кредитийн карташца ахчанаш дIасалело.

Амма, тергамхошна хетарехь, цу тIехь соцур бац санкцеша могIарерачу оьрсийн бахархошна бен болу тIеIаткъамаш. Политологин Iилманчина Чапханов Русланна хетарехь, масех бутт балале гуш хир ду, мел зене и Малхбузенан гIуданаш хIора а могIарерачу Оьрсийчоьнан вахархочух хьакхалур ду.

Чапханов Руслан: „Цхьаммо а тIом бийр бац, Далла хастам а бу иза хир боцуш. Амма Европано ша Оьрсийчоьнца беш олу белхаш совцор бу, G8 цхьаьнакхетараллина юккъера иза ара а кхоьссина. Инвестицеш а совцор ю. Оьрсийчоьнна моьтту, шен энергоресурсашна альтеранатива яц. Дера ю, хир а ю. Малхбузе тоххарехь ГIажарийчоьнца барт лохуш ю.

Ткъа тIеIаткъам могIарерачу Оьрсийчоьнан бахархошна хир бу, юучуьнца а, тIеюхучуьнца а. Цхьанна а цигарчу вахархочунна ца лаьа, мацах Советан заманчохь санна юха а ваха. Царна мерзаниг яа а Iемина, хазниг тIейоха а Iемина. ТIаккха цу нахана луур дац, 30 шо хьалха санна, джинсашна тIекхача баккхий бахамаш дIабала кийча а хуьлуш, баха“.

ХIинцале а, Малхбузенан санкцеш шайн буьззинчу ницкъе а ерзале, патриотизман дагаро лаьцначу Оьрсийчуьра уьдучу нехан терахь цкъа а ца хиллачу доккхалле даьлла. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъаралло зорбане яьккхинчу керлачу рапортехь чIагIдо, дуьненчохь карарчу хенахь уггаре а луьра тIом боьдучу Шемера уьдучу мухIажаршна тIаьхьа хIоьттина богIуш бу
Оьрсийчуьра уьдуш, Малхбузенехь тховкIело йоьхуш, болу мухIажарш.

Кремло Украинина юккъе йогIуш йолу ах-гIайренна аннекси яр Оьрсийчоьнан бахархойн доккхахчу декъо къобалдарца а, патриоталлечу паролашца а тIеэцнехь а, амма шаьшна цу шайн пачхьалкхехь баха ца луучух тера ду оьрсашна.
XS
SM
MD
LG