ТIекхочийла долу линкаш

Референдум, Кремлан гIуллакхаш чекхдоху гIирс


Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь дIахьочу парадехь дакъа лоцуш бу Москохана муьтIахь долчу Iедалан леррина ницкъаш, 9Сти2009

Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь дIахьочу парадехь дакъа лоцуш бу Москохана муьтIахь долчу Iедалан леррина ницкъаш, 9Сти2009

ГIирмехь кIира хьалха дIаяхьина хилла Оьрсичоьйнах и ах-гIйре дIакхетарх йолу референдум коьрта бух хилира цу пачхьалкхено Украинин дакъа шен доладаккхаран. Цхьайтта шо хьалха Нохчийчохь а дIаяхьира Оьрсичоьно и тайпа референдум, доллу дуьне а иза низамц йогIуш яц я Нохчийчохь и тайпа кхаж тассар дIадахьа хьелаш а дац бохуш лаьтташехь.

Дуьненчохь адамашка шайн маьрша лаам бовзийтаран гIирс санна кхоьллина йолу референдум Оьрсичоьйно шен лаам чекхбоккху герз дина лелош ю, цхьайтта шо хьалха Нохчийчохь а, хIинца ГIирмахь а санна.

2003-чу шеран зазадоккху беттан 23-гIа малх кхетта, сирла а, довха а деънера. И малхо кхелина бIаьстенан де цхьа тамашийна цхьаьна ца догIура Соьлжа-гIалин сибатца. Референдум дIаяхьа масех де дисича дуьйна схьа гIалара ярташка а, луларчу республикашка а ида буьйлабелира меттигера бахархой – даима а и тайпа хилам дIабахьа леринчу деношкахь шаьш уьдуш ма-хиллара.

ХIунда аьлча, цхьана агIор и референдум дIа ца яхьийта чIагIонаш еш тIемлой бара, Оьрсийчоьнан Iедалана хIетахьлерчу векалшна кхерамаш туьйсуш. Вукху агIор, иштта а хIора гIалин херцашлахь ког баккхал меттиг ца бюьтуш баьржина болу оьрсийн эскархой кхин а алсам бевллера – кхеташ ма-хиллара, „нохчийн къоме шен маьрша лаам дIакхайкхабайтар“ бен кхин Iалашо а йоцуш болу.

Референдуман кечам меттигерачу Iедалша дукха хьалхехь дуьйна болийнера. Цу хьашташна зорба а тоьхна, бIеннаш эзарнашкахь керла конститути тIехь йолу тептарш а деанера республике, нахалахь уьш даржо дийна цхьа тоба а вовшахтоьхна. Бакъду, цу къегачу кехатах мужалташ йолчу йозанашна тIе хьежна а, цу тIехь яздинчух кхеташ а, лехча а карош, да вацара цу деношкахь Нохчийчохь. Я, ма-дарра аьлча, цу тIехь долчуьнца бала болуш а.

Кхин гIайгIанаш, кхин баланаш бара хIетахьлерчу Нохчийчоьнан бахархошкахь – дийна муха вуьссур вара те, зингат санна мохк дIалаьцна, бус-буса маьршачу нехан чу лелхачу, нах идочу, лаьцна дIабигнарш я тIепаза бойъуш я, я инзаре къиза, адамашлахь дуьйцу а ца хезначу кепара, Iазап шаьшна тIехIоттийначул тIаьхьа байъина цхьаццанхьа гIалийн я яртийн йистошкахь уьш дIакхуьйсучу эскархойх лар муха лур вара теша, шена и оьрсийн чаьлтачийн Iаьржа бода схьа ца гуш, я цу боданна ша дIа ца гуш хене муха вер вара теша – уьш бара цу хенахьлера нохчийн баланаш. Ткъа референдум – изу хIун ю я стенна ю бохург цхьа бен а доцуш хеталора.

ХIетахь, цу деношкахь, Соьлжа-гIалахь ехаш яра карарчу хенахь Австрехь тховкIело карийна йолу ПетIамат. ДагайогIий хьуна Нохчийчохь дIаяхьана хилла референдум, аьлла, Маршо радионо динчу хаттарна иштта жоп делира цуо.

ПетIамат: „Дера дукха дика дага а ма йогIу, йиц а лур ма яц. Тахана санна дагадогIу суна,адам доцуш, еса гIала, и инзаре доьхна цIенош а долуш. Цу дийнахь тIемлой чу а баьхкина, къаьхь де хир ду, лелхийтарш хир ду, бохуш дуьйцу дена, цигахь висина стаг а вацара.

Я цу референдуме ваха стаг а вацара. Кхерам болуш, дIасабахнера нах. Къиза хан яра иза. Я хила ма-еззара референдум а яцара иза. Шайна атта долчу кепара цара дIадерзийра-кх иза“.

ХIетахь Соьлжа-гIалахь ехаш хиллачу ПетIамата карлайоккху кхин цхьа а Нохчийчохь хиллачу референдуман башхалла. Хууш ма-хиллара, официала терахьашца, референдумехь дакъалецира 95 процент сов бахархоша, ала дашна, изза терахь хIинца ГIирмехь дакъалаьцначеран а дара.

Ларамаза нисделла хир ду иза иштта. Амма и терахь мичара даьллера бохург кхетош бу ПетIаматан дагалецамаш. Цуо дийцарехь, нохчий цига дакъалаца бахча а, ца бахча, референдуман жамIашна хила тIеIаткъам бацара.

ПетIамат: „Цу оьрсашна оьшуш а вацара цхьа а стаг. Цара тоххарехь, 2-3 бутт хьалха, пенсеш а, берийн ахчанаш а схьаоьцучу нахе леринчу есачу бланкашна тIехь куьйгаш яздайтинера.

Цхьа стаг хIара стенна хIоттош ю я ас хIоттор яц ала воьхьуш а вацара цигахь – я шайн пенсеш схьа ца луш, ахча доцуш бисарна кхоьрура нах, я буьйсанна чу а лилхина, хIуъу дан а кхерам болш зама яра иза. Нах ца бахьара. ТIехула тIе шортта салтий бара цигахь оьрсийн. Низамца иза мегаш доцушшехь, шайн мел волу салтичуьнга а кхаж тассийтира цара“.

Меттигерачу Iедалшна а, Оьрсийчоьнан куьйгаллийна и могIарерчу нохчашна сел бен йоцуш хилла йолу референдум мел мехала яра бохург гуш дара Нохчийчохь мел долчу газеташкахь а, кхечу хаамийн гIирсашкахь а беттанашкахь, кхин къай-балий цу махкахь доцуш санна, дIахьош хиллачу пропагандехь а.

Гуш дара иза иштта и кхаж тассар дIадоладалле хьалхарчу буса Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира телевизионехула нохчийн къоме динчу къамелехь. И цуьнан къамел, ма-дарра аьлча, ультиматум санна туда догIура.

Нагахь санна аш референдумехь дакъа а лаьцна, керла конститути тIе а эцна, шайн маьрша лаам кхочушбахь, тIаккха, бохуш дийцира Оьрсийчоьнан президента, тIаккха шу кхин кхера дезар дац буса хан йоцучу хенахь шайн неI тохарх, я муьлш а бу ца хуучу наха шайн гергарнаш идорах а, низамца доцу кхин дIа долу зуламаш шаьшна дуьхьал дарх.

Цу къамеле ладугIучарна массарна а кхеташ: хууш-м хьаха хилла Путинна буса маьршачу неха неIаршка хIуьтту чаьлтачаш а, нах идораш а, зуламаш лелораш а хьенан-муьлш бу. Кхеташ дара иштта, цуьнан дешнех тешам боцийла. Ткъа тоьшаллаш... Тоьшаллаш кхин хьен а ца луш шортта хилира.

Масала, Путинс шен къамел дIадерзийна масех сахьт а далале тхан лулара цхьа гIеметта хIоьттина стаг дIавигира рогIерчу оьрсийн эскархоша, я аьлча а, Путинан дешнашца аьлча, „муьлш бу а ца хуучу наха“.

БТРашца церан кетIа хIиттинчу цу эскархоша хIусамнаний, уггаре а воккхахниг пхийтара а валанза волу виъ доьзалхой дIа а вихкина, лаьцна вигира дуьненчу ваьлча дуьйна схьа чолакх заьIапхо волу, садоллучу дегIана новкъа-нацкъара воцуш хене волуш волу и миска.

ХIетахь дуьйна кху цхьайтта шарахь я дийна а, я велла а карийна вац иза – чалахь маха санна, хила а ца хилча санна дIавайна. Ша санна, эзарнаш нохчий, референдум дIаяхьале хьалха, иза дIаяхьанчул тIаьхьа а байна ма-хиллара.
XS
SM
MD
LG