ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдадехь вийна Маьрша Иракъан БагIдадерчу бюрон директор Бдиви Мохьаммед


Иракъехь вийна Маршо радио, Маьрша Иракъан БагIдадерчу бюрон директор Бдиви Мохьаммед. Тахана Iуьйранна цунна герз тоьхна, тIеман барзакъ доьхна хиллачу стага.

Иракъан президентан гIаланашна гена йоццчуш йолчу, президентан лерринчу гIаролан тIехьажар долчу, Маьршо радионан бюрон гIишлонна уллехь вийна ву иза. ТIелатар динчуьнан аьтто баьлла къайлавала.
Иракъан полицино а, цхьа моггIа тIеман урхаллаша а талламаш болийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG