ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бельбекере украинхойн тIеман декъанна штурм ян кечлуш бу ГIирмера оьрсийн тIеманхой


ГIирмера оьрсийн тIеманхой штурм ян кечлуш бу, Бельбекехь йолчу украинхойн тIеман декъанна. Фейсбук тIехь хаам бинчу Украинан ТIеман минитсраллин медиа-центран куьйгалхочо Селезнев Владислава бахарехь, цхьана сохьтехь карадуьйла аьлла, шайна оьрсаша хIоттийна ултиматтум кхочушъян дуьхьал бевлла украинхойн эскархой. Аэродромана го а бина, цунна тIеман техника узуш бу оьрсийн эскархой. «Украинская правда» газето бечу хаамца, цу декъехь пхеа салтичунна цхьа масатоп а, шира зенитка а ю.

Оццу агенталло журналистана Драгина Мириамна тIе а тевжаш дуьйцу, оьрсашца дагадовларшкахь дакъа лаьцначу тIеман декъан буьйранче Мамчура Юлийга, цо шаьш шайн лаамехь арадевр дац аьлча, лерга таьIна, аьлла: «Хьакамаш генахь бу, ткъа адамаш охьадохкург хьо ву».

Шоьтан дийнахь Украинан ТIеман ХIурдан Ницкъийн буьйранчо Гайдук Сергейс хаам бина, ГIирмера Донузлав Iома чохь оьрсаша гоне лаьцначу Украинан хIурда-кеманашна тIехь йисина юург итт деанна тоьар йолуш ю. Цуьнан хьесапехь, Украинан 30% флот ю оьрсаша дIалаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG