ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бельбекера Украинан тIаьххьара тIеман база схьаяьккхина оьрсийн ницкъаша


ГIирмера оьрсийн тIеманхоша Бельбекехь йолчу украинхойн тIеман декъанна штурм йинчул тIаьхьа лаьцна, Украинан тIеман-хIаваан ницкъийн базан буьйранча. Ройтерсе бечу хаамца, гIагI-диллинчу машенашца а, герзаца а оьрсийн чоьхьабевллачул тIаьхьа, иза дIавигина цу базанера.

Украинхойн эскарехь полковник волчу Мамчура Юлийс хаам бина, ГIирмехь Украино тIехьажар латточу тIаьххьара база йоккхуш цхьана стагана чевнаш йина, аьлла. Евзаш йоцчу меттехь дагадовларш динчул тIаьхьа, дийна юхавоьрзур вуй хьо, аьлла деллачу хаттарна жоп луш: «Хуур ду-кх. Цкъачунна, базехь дIадаиллина хилла герз тIекIалдуьллуш ду тхо», аьлла.

Хьалхуо, Фейсбук тIехь хаам бинчу Украинан ТIеман министраллин медиа-центран куьйгалхочо Селезнев Владислава аьллера, цхьана сохьтехь карадуьйла аьлла, шайна оьрсаша хIоттийна ултиматтум кхочушъян дуьхьал бевлла украинхойн эскархой. Аэродромана го а бина, юха цунна цунна штурм йина оьрсийн ницкъаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG