ТIекхочийла долу линкаш

Израилехь шен ден цIарах маьждиг схьадиллина Кадыровс


Израил -- Кадыров Рамзан ву меттигера Iаьрбашца Абу ГIошера керлачу маьждигехь делкъан ламаз деш, 23Заз2014

Израил -- Кадыров Рамзан ву меттигера Iаьрбашца Абу ГIошера керлачу маьждигехь делкъан ламаз деш, 23Заз2014

Израилера Абу-ГIош эвлахь шен ден цIарах маьждиг схьадиллина даханчу кIирандийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу пачхьалкхера уггар доккхачех хIинца шолгIа маьждиг деш харж яьлла 10 миллион доллар. Цунах 6 Кадыровн Iедало делла дара.


Байтал Къуддусана гена йоццуш йолчу оцу эвлахь ехаш, цигарчу бахархоша чIагIдарехь, нохчех схьаяьлла тIаьхье ю. 16-чу бIешарахь Къилбаседа Кавказера Iусманан импере дIакхелхина хилла боху, церан ворхIе дай.

Эвлана чуволуш болу коьрта урам Кадыров Ахьмат-Хьаьжин цIе лелош бу. Цу урамехь ду ша маьждиг. Нохчийчура делегаци яле, кхаа маттахь кечдина хилла, ураман цIе тIехь йолу аннаш а – оьрсийн, Iаьрбийн, ивритан а. Нохчий бехаш бу бохучу эвлахь цхьа а йоза дацара нохчийн маттахь.

Маьждиган цIе «Машаран маьждиг» ю. Iусманан кепехь доьттинчу маьждиган йиъ мимар ю. Гергарчу малхбалехь дечу маьждигийн цхьа мимар бен хьулуш Iедал дац. Байтал-Къуддусехь долчу Аль Акса маьждиг бен дац, Абу ГIошехь динчу маьждигал доккха.

Израилера оцу Iаьрбийн эвлахь вехаш ша верриг а 6 эзар стаг ву. Цу эвларчу маьждиге тарлуш ца хилла, ламаз дан гулбелла нах. Эвларчу куьйгалло сацам бина хилла керла маьждиг дан. Iедало цу хьашташна мехаза латта делла а хилла. Абу ГIошан меттигерчу кхеташонан куьйгалхо волу Джабер Салим Кадырован нахах кхетта, «шаьш нохчий ма дара, гIо дахьара», аьлла. Шеца кхин а эвлахой а эцна, Жабер Нохчийчу вахана а лелла.

Масех шо хьалха Абу-ГIошехь нохчий ду шаьш боху нах хаабелла аьлчхьана дуьйна, и хаттар къастон хьаьжира Маршо радио а. Абу-ГΙошера, цигарчу Ιаьрбех волчу журналистаца Фарид-аль-Абу-ГIошаца къамел а динера Маршо Радион Малхбалерчу корреспондента Бакир Ιабдул-Хьамида. Цо теллинера, цигара Iаьрбий нохчий бу-бац. Цхьайолчу къайленашна тΙаьхьа а кхиинера и журналист. Цо шеконе диллина, Абу-гIошера цхьа стаг а нохчо хилар.

Журналиста Фарида и къамел динчул тΙаьхьа иза шайна тΙекхайкхина хилла Жабира – юьртдас Салима а, Ιисас- цуьнан гΙоьнчо а. Цара юьхьъехира шен ша Радиона дийцинарг бахьанехь, «хьо юьртахь дендолу маьждиг ца дайта араваьлла ву», бохуш. Амма цул тIаьхьа иза кхин ца хΙоьттира Маршо Радионехула къамелаш дан.

Цхьаннен а яц шеко Абу-ГΙошехь нохчий ца хиларан. Амма Кадыров Рамзана шен проект кхочушъйина. Дина-м, иза стохка Гезгмашин баттахь даьллера. Амма цига ша Кадыров Рамзан дIакхаччалц, официала кепара схьа ца диллинера.
XS
SM
MD
LG