ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсашна мехала бу шайн мохк боьхкина украинахой



ГIирма а йитина, махках чоьхьадовла омра дина шайн эскаршна Украинан президентан декхарш кхочушдечу Тучинов Александра. Ша иза дина оьрсийн эскарша беъначу кхерамца доьзна, Украинан эскархой а, церан доьзалш а Iалашбархьама, аьлла довзийтина Тучиновс бахьана. И гIулч цо яьккхина оьрсийн дакъош Украинерчу Федоси-гIаларчу хIордан базина тIелетта массех сахьт даьлча.

цу юкъанна оьрсийн тIеман министр Шойгу Сергей хилира ГIирмехь Оьрсийчоьнан Iаьржа хIорда тIерачу эскаршка хьожуш. Цигахь цо оцу дакъойн куьйгалхочун когаметта хIоттийна Украинан хIордан эскаршна коьртехь а волуш, ши кIира хьалха Оьрсийчоьнехьа ваьлла украинхо контр-адмирал Березовский Денис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG