ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

529 стаг вен кхачийна Мисарахь



Мисаран Лакхарчу кхело вен кхачийна вохийначу президентан Мурси Мохьаммадан «Бусулба Вежарий» олучу партера 529 стаг. Адвоката Шариф Ахьмада хаам барехь, и нах бехкебо стохка аьхка а, гурахь а, полисхошна тIе а леташ, уьш байарна. Сацам юхаталлар дехна бехкебиначара. Царех 16 стаг бехках хьалхаваьккхина кхело. Байа кхачийначех дукхахберш хилла а бац шайна ечу кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG