ТIекхочийла долу линкаш

Президентийн "G-8" клубера эккхийна Путин Владимир


Нидерландаш -- Гаагерчу G-7 саммитехь, 24Заз2014.

Нидерландаш -- Гаагерчу G-7 саммитехь, 24Заз2014.

ХIинццалц G-8 олуш хиллачу тоьллачу пачхьалкхийн лидерийн юкъарлоно шех G-7 баха долийн. Иштта аьлла цо шех, ша ХIаагерчу саммите Оьрсийчоьнан президент кхайкхина а вацарна. ГIирма Украинера дуьненан низамаш а талхош дIаяьккхинчу Оьрсийчоьнна ша резаяцар а, цунна кхачо лерина таIзар а дIадовзийтина саммито.




G-8 цIе йолчу дуьненан уггаре а нуьцкъалчу бIархI пачхьалкхенан тобанах G-7 хилла, Оьрсийчоь цу тобанах дIакъастор бахьана долуш.
Цхьанатоьхначу Штатийн, Британин, Германин, Францин, Италин, Японин, Канадин куьйгалхоша а, ткъа иштта Европин кхеташонан, Еврокомиссин а шина куьйгалхочуо оршот сарахь шаьш Нидерландашкахь дIаяхьанчу саммитан жамIа деш тIеэцначу декларацехь билгалдоккхуш ду, Оьрсийчоь цу тобанах дIакъастор Украинечу хьолаца доьзна а ду, Оьрсийчоьно шен Украиница болу леламаш хийцалца кхин дIа а нуьцкъала а хир бу и сацам, аьлла.

„ХIоттаделчу хьолехь Сочехь дIаяхьа лерина хиллачу саммитехь оха дакъалоцур дац. Оьрсийчоьно шен курс хийцалца, ткъа политикан климат юха а ша хьалха хиллачу хьоле юхадерззалца оха G-8 тобанехь болхбар сацош ду“, - аьлла яздина дара саммит дIайирзинчул тIаьхьа цуьнан декъашхоша журналисташлахь даржийначу дIахьедарехь.

Ала дашна, ур-атталла хIинцачул бутт хьалха а Сочехь дIаяхьа лерина хилла йолу рогIера цу тобан саммит, кхеташ ма-хиллара, кхин Оьрсийчохь дIахьур ю бохург цхьаммо а дийцаре дуьллуш а дац. Сочина метта иза дIахьур ю Брюсселехь, кху тIаьхьарчу I7 шарахь дуьххьара Оьрсийчоь декъа а йоцуш, дIахьур ю иза.

Цу хьокхехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергей хIинцале а дIахьедар дина, „тхуна-м яц и G-8 оьшуш а“ бохучу хьесапехь. „Иза формала йоцу клуб ю. Нагахь санна тхан Малхбузерчу партнерашна и формат кхин дIакхехьа хьашт дац аьлла хетахь, тхо-м дац цунах тийсадала дагахь“, - элира цуо. „Кхин башха боккха сингаттам а бац иза кхин ца гулъяларх“, - аьлла тIе а тухуш.

Бакъду, тахана Оьрсийчоьнан коьртачу дипломато иштта бендацаран кеп ян гIерташ къамел дахь а, I996 -чу шарахь Москохахь дуьххьара цу тобан саммит а йина, ткъа I997 -чу шарахь дуьйна Оьрсийчоь цкъа хьалха „G-7 плюс I“ аьлла цIе а йолуш, тIаккха, заман йохалла,G-8 аьлла, массо а бакъонаш йолу декъашхо санна, цу юккъе эцначу хенахь иштта бацара Оьрсийчоьнан куьйгалхойн синхIоттамаш. Вуно доккха дозалла а, боккха аьтто а хетара цкъа а хьалха Ельцин Борисна а, цул тIаьхьа Путин Владимирна а эххара Оьрсийчоь дуьненан нуьцкъалчу пачхьалкхийн могIаршлахь, царех цхьаъ санна, тIейитина хилар.

ХIунда аьлча, G-8 – иза цхьа официала институци яцахь а, амма кху лаьттахь болчарех уггаре а боккхачех ницкъ бу, Дуьненаюкъарчу валютийн фондаца а, Дуьненаюкъарчу арахьарчу махлелоран юкъараллийца а, Экономикан цхьаьнаболхбаран а, кхиаран а юкъараллийца а цхьаьна могIаршлахь лаьтташ йолу.

Лавровс ма-аллара, клуб иза, амма элитаран клуб. Нуьцкъалчийн клуб. Ткъа дуьненан нуьцкъалчаьрца ша цхьана тIегIанна тIехь хилар вуно мехала лоруш хиллачу Путин Владимирна, хIинцачул тIаьхьа шена цига некъ бихкина хилар, шеко а йоцуш, лан атта хир дац.

Кхин а цхьа агIо а ю цу хIуман, престижан агIо хилла а ца Iаш. Иза уггаре мехалчех вайн заманахьлера механизм ю, финансийн а, экономикан а, амма иштта политикан а голатохарш билгалйохуш йолу, ткъа иштта дуьненан экономикехь а, политикехь а йохучу коьртачу гIулчашна координаци еш йолу. Цундела шаьш цу декъа ца хилар шаьшна бен а дац аьлла Оьрсийчоьнан куьйгалхоша деш долу дIахьедарш, мел кIезга а, думе ца кхаьчначу цициго „Иза-м мерза хир бацара“ аларх тера хетало.

Хьахон догIу иштта, тергамхошна кхеташ хилар, цу элитаран тобанах Оьрсийчоь дIакъасторо цу пачхьалкханна дан там болу зенаш мел лакхара хир ду бохург. ХIара шо доладелчахьана Оьрсийчоьнан йохк-эцаран фондаш 20 процентана лахъелла, оьрсийн акцеш йайлуш йогIуш ю, ткъа сом дела денна аьлча санна дайлуш ду. Цул совнаха, дуьненаюкъарчу рейтингийн агенталлаша масех гIулчана лахйина оьрсийн яккхийчу корпорацийн кредитан рейтингаш.

Цу хьелашкахь Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан векал йолчу Харф Марис дIахьедар дира журналисташка, G-8 Оьрсийчоьнна чIогIох оьшура, кхин дIа болчу цу тобан декъашхошна Оьрсийчоь оьшучул а, аьлла.

Цуо дийцарехь, Оьрсийчоьнна вуно мехала ду, шен экономика кхиинчу пачхьалкхийн экономикан дакъа хилийтар. „Оьрсийчоьнан экономика дикчу хьолехь яц хIинцале а. Иза стагнацехь ю. Нагахь санна цуо сихонца деэскалаци ца яхь, кхин а ирчох тIаьхьалонаш хир ю цунна“, - элира Iамеркан пачхьалкхан департаментан векало.

И цуьнан дешнаш тIечIагIдо иштта шинари дийнахь Оьрсийчоьнан экономикан а, кхиаран а министран гIовса волчу Клепач Андрейс динчу дIахьедаро а. Оьрсийчоьнан экономикехь стагнаци хиларна мукIарло динчу Клепача элира, хIара шо доладелча дуьйна схьа цу пачхьалкхара 65-70 миллиард доллар арадаьлла яьлла.
XS
SM
MD
LG