ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмера Украинан тIеман гIирс шен долабаьккхина Кремло



Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн штабан буьйранчас Герасимов Валерийс дIахьедина, ГIирмерчу 173 тIеман объектна тIехь ю оьрсийн байракх, аьлла. Украинан долахь дуьсуш хилла тIаьххьара хIордан кема шаьш цуьнгара дIадаьккхинчул тIаьхьа бина цо и хаам.

15 000 Украинан эскархо ваьккхира оьрсийн ницкъаша, гоне а лаьцна, дуьхьало ян гIора доцчу хьоле. Иштта, шайн доьзалшца цхьаьна Украинан дисинчу дозанаш чуваккха кечвина ву кхин а 15 000 эскархо. Герасимовс бахарехь, царна кестта маьршабер бу, ГIирма а йитина, Украине дIабаха некъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG