ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн дайначу кеман гаьргаш карийначух тера ду Малайзина



Дайначу шайн кеманах йисина 122 гериг гайтина спутникаша ХIиндойн хIорда чохь, хаам баржийна Малайзин векалша. Цигарчу транспортан министра Хьусайн ХIишамуддина бахарехь, и гаьргаш хаалуш ю 400 метр гонаха. Куалу-Лумпурера Пекине доьдучу новкъахь хIаваэхь ши кIира хьалха дайра кема. Цу чохь хиллачу 239 стагах дукхахберш бара китайхой. Iаьмеркара, Китайра, Къилба Корейра, Австралера, Зеландера даьхкина хIаваан а, хIордан а кеманаш ду иза лохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG