ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тодашев вийнарш бакъбина прокуратурано



Шо гергга хьалха Орландо-гIалахь 27 шо долу нохчийн спортхо Тодашев ИбрахIим верна бехказбаьхна Флорида шататан прокуратурано Iамеркан Штатийн Федералан талламан бюрон белхахой.

Прокурора дийцарехь, аьчка чIу а карахь, шайна чукхоссавелча, шайн дахар Iалашдеш, вийна цара терактехь дакъалацарх шеко йолуш шаьш левеш хилла Тодашев. Вийначунна тапчанца 7 чов йина а хилла ницкъахоша.

Хьалхо Бостонехь лелхийтарш динчу вежаршца ЦарнаевгIаьрца зулам деш хиллийла шега хоьттуш, цхьана декъанна бехк шена тIеэцна а хилла Тодашевс, боху прокуроро. Бостонерчу марафонехь лелхийтарш дарна, ваша а вуьйш, лаьцна хIинца а чохь латтавечу Царнаев ЖовхIаран кхел а ю кестта йолалуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG