ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана алссам гIодан сацам бина Валютан Фондо



14-нна тIера 18 миллиард долларе кхочуш юхалург Украинана кестта ахча дала сацам бина Дуьненаюкъарчу Валютан Фондо. Шина шера чохь экономикан реформаш дIахьош а, чIагIъеш а герга хир ю Фонд, аьлла ду Киевехь шина кIиранах динчу къамелийн жамI. Украино ен йолчу реформийн башхаллашца дозуш хир ду ша гIо а.

Шина шера чохь 27 миллиард кредиташ дIахеца тарло ша, аьлла, дIахьедина Валютан Фондо. Кхаа баттахь гуламашкахь а, политикан къийсамашкахь а лаьттина, хIинца шех Оьрсийчоьно ГIирма дIа а къастийна юьсучу Украинан экономика меттахIотто аьтто бийр бу кредиташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG