ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Барак: Цкъа шаьш кхетар бу оьрсийн



Iамеркан Цхьаьнтоьхначу Штатийн президента Обама Барака шен Европера визит ерзош дIахьедина, «ехха лаьттар ю Оьрсийчоьнца херо, цо Украинана тIе шога Iаткъам барна, иштта чIагIлур ю Iамеркан Штатийнний, Европанний юкъаметтигаш а», аьлла.

«Оьрсийчоьнна тест хIоттош хIума ду цо Украинехь динарг, делахь а Iамерканий, Атлантикан тIеман альянсний ца лаьа я Украина кога кIел эца а, я Оьрсийчоьнца конфликт дебон а», бохура Обамас.

«РогIера шийла тIом хьашт бац. Оьрсийчоь ГIирмера ницкъаша араяккха гIертар данне а хьашт дац, оьрсий шаьш кхетар бу хенан йохалла, дуьненна дуьхьал еккъа ша цхьаъ шайн пачхьалкх латталур йоцийла», аьлла тIе а туьйхира президента Обамас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG