ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европана гергабоьлхуш бу Советан Iедалх бисина мехкаш



Еарийдийнахь Европан Комиссино довзийтина ша Евразин малхбаленца шордечу гергарлонийн хьал. Толуш ю Европан Бертан юкъаметтигаш, хаам бина цо, Эрмалойчоьнца, Азербайджанца, Беларусца, Гуьржийчоьнца, Молдоваца, Украинаца, аьлла. И зIенаш тоеш, тIаьххьарчу 7 шера чохь Европан Берто харж йийр ю 20 миллиард долларна, бохура Европан Комиссин куьйгалхоша.

Хьахаеллачу 6 пачхьалкхан аьттонна «Европан пакет» билгалъяккхира Малхбузено. Оцу 6-ннах шимма – Гуьржийчоьно а, Молдовас а Евробертаца гергарлонаш кехаташца тIе а чIагIдира хIетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG