ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Руслан лаьцна латтош ву хIинца а



Цхьанненан а дехаршка, дIахьедаршка ла ца доьгIуш, Нохчийчоьнан полицехь лаьцна кхобуш ву вайнах махкахбохийна 70 шо кхочуш, Iедалера пурба а доцуш, Соьлж-ГIалахь къоман бохаман денна лерина конференци вовшахтоьхна хилла политик, Кавказан къаьмнийн ассоциацин президент Кутаев Руслан.

Чоьте ца эцна Кадыров Рамзанан гоно Кутаевца лелориг харцо хиларх лаьцна деношкахь дуьненаюкъарчу бакъолархойн Амнести Интернейшенл-юкъаралло дина дIахьедар а. Бутт хьалха иза чохь валлоче кхаьчначу бакъоларъярхоша тоьшалла дира, цунна ницкъ бо лаьцна латточехь, пIендарш а лазийна, цуьнан межеш цIий лаьна а яра аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG