ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь реза яц шена резабоцучарна



Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло резадацар дIахьедина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблеяно «Украинан лаьттан цхьаалла» цIе а йолуш арахецначу резолюцина дуьхьал. Еарийн сарахь тIеэцначу резолюцино емалдина ГIирма Оьрсийчоьнах дIакхетар, Кремло кхечу пачхьалкхана тIеIткъам а беш дозанаш хийцина хилар даре а деш.

Инарла Ассамблеяхь резолюци тIеоьцуш мехкийн векалша тесна кхаьжнаш иштта бу: сацам къобалбина 31 пачхьалкхо, цхьа а ойла ца къадош висина 58 декъашхо. Резолюцина дуьхьал кхаж тесна 11 махко, шайлахь Эрмалойчоь, Беларусь, Куба, Боливи, Шема, Венесуэла, Судан, Никарагуа, Къилбаседа Корей, Зимбабве, иштта ша Оьрсийчоь а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG