ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанерчу кандидитан куьг лаца гIерташ велла 10 стаг



Овфанистанехь хила беза президентан харжамаш бийца Мазари-Шарифехь гулбеллачу нахалахь, цара шаьш вовший хьешарна, велла лаххара а 10 стаг. Герзо вийна вац стагга а, хаам бо офхIанхойн полицино.

Кандидате Iабдулла Iабдулле куьйгаш дала тIегIерташ, нах цунна тIегIертачу хенахь хаьрцина иза тIехь лаьттина гIопаста. Ша президентан кандидат Iабдулла Iабдулла ца лазийна. КIира даьлча хуьлучу харжамашка воьдучу 8 кандидатех цхьаъ ву арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Iабдулла.
XS
SM
MD
LG