ТIекхочийла долу линкаш

Януковична референдум еза



Украинехь, цуьнан хIора кIоште харжам бойтуш, къоман референдум дIаяхьа еза аьлла кхайкхам бина Киеверчу карчамо шегара дарж даьккхинчу Янукович Виктора. И дIахьедар цо даржийна оьрсийн Iедалан ИТАР-ТАСС-агенталлехула. Цунна хетарехь, ши бутт гергга хан яьлча дIахьонболчу президентан харжамаша политикан а, социалан а хьал эшор ду, кескашка йоккхур ю Украина, ткъа цунах къам хьалхадолийла ду, цо шен лаам референдумехула бовзийтича.

Махкара керла Iедал конституцица догIуш дац, цигахь анархи яьржина, боху Януковича шен дIахьедарехь. Чиллан-баттахь махкара ведда Украинан президент хан йоккхуш ву Оьрсийчохь.
XS
SM
MD
LG