ТIекхочийла долу линкаш

Некъа тIера полисхой лецна кхаьънаш эцарна



Кисловодскехь машенашца лелачу нахера кхаьънаш ийдарна 6 некъан полисхо лаьцна, хаам бо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIоьнчалло. Талламчаша бахарехь, Кисловодске боьду некъ ларбеш лаьтташ, дахначу шеран шолгIачу декъехь дукхазза а машенашлелорхошкара ахчанаш даьхна цара. Ткъа ахчанаш царна лушберш а хилла, маларх а кхетта, машенаш хоьхку нах. 30-за эцна боху полисхоша кхаьънаш, оьцучу кхаьан юккъера барам 20-30 эзар сом а долуш.
XS
SM
MD
LG