ТIекхочийла долу линкаш

Лаахь, ца лаахь, футбол!


Нохчийчоь -- Терек футболан тоба ловзуш стадионе гулбина студенташ, хьехархой, лоьраш... Соьлж-гIала, 17Заз2013

Нохчийчоь -- Терек футболан тоба ловзуш стадионе гулбина студенташ, хьехархой, лоьраш... Соьлж-гIала, 17Заз2013

«Заманан билгалонаш» цIе йолчу программера къамел Нохчийчохь културан а, спортан а хиламашка бахар нахана тIедожорах лаьцна ду.

Балхахь а, доьшуш а берш, маьршо йоцчу махкашкахь, шайн лаамехь нах бац. Царна тIедожийна юкъараллин гIуллакхаш-декхарш а ду. Уьш ду, Советан заманахь юкъа а даьккхина, вуно жигара пайда эцна долу «субботникаш».

Пионерийн-комсомолхойн-коммунистийн декхарш тIехь долу школийн дешархой, юккъерчу-говзаллийн а, лакхарчу школийн а студенташ, индустрина тIера, колхозашка кхаччалц болу белхалой-белхахой а болхара цига.

Нохчийчохь тахана хIоьттина Iедалан урхаллин куц-кеп, советан заманара гIиллакхашца йоьзна, цу советан Iедало дахарера дIа а кхоьссина, емалдина хиллачу динца а йоьзна ю.

Нехан духар а, лелар а ду меттигерчу Iедалан а, динан дайн а лерринчу тидамехь.

Советан заманахь цхьа пропаганда яра, «Зударий, советан Iедало шу маьрша даьхна, дIадаха коьртара йовлакхаш!», бохуш. Цул тIаьхьа Нохчийчохь мел чIагIлуш хилла Iедал, зударий духар билгалдаккхарна тIера долалора урхалла дан.

Ткъа хIинца, зударшка дIакъовлало боху. Вукху агIора, дукха тIех къовлаелла хеттарг, урамехь саца а йина, цуьнга хаттарш дала а, цуьнан телефоне хьовса а паргIат бу полисхойн духар доьхна а я, цхьа а билгало йоцу а божарий.

Иштта ду, божарийн духарх, аьлча а, цуьнан маж-мекхаца доьзна гIуллакх а. Маьждиге ламазаш дан боьлхучу кегий нехан куьце леррина хьовсу, цу гIуллакхана тIехIиттийна нах. ХIинца, ур-атталла, видеокамераш а хир ю боху, маьждигашкахь хIиттийна.
Ма-дарра аьлча, нах синтем байна бу, шаьш хIун дан деза ца хууш.

Атта хила там бара, Iедал а, муфтият а реза еш, маж-мекх мел деха а, дуькъа а хила деза? Коч-хеча муха тегна хила деза, дуьйцуш хилча. ХIунда аьлча, еккъа Нохчийчохь дац и дехкарш.

Масала, Къилбаседа Корейхь нийсса дIа аьлла, божарийн кортош муьлхачу куьцехь лергина хила деза.

Зазадоккху бутт болалуш Къилбаседа Корейн Iедалша корейхошна тIедиллина, шайн лидеран Ким Чен Ынан санна кортош ларгар. И хьехар делларг ю Къинхьегаман парти. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, и омар мел бакъ ду къастон хала ду. ХIунда аьлча, цкъа делахь, иза багахь дина омар ду, документ санна чIагIдина дац. ШолгIа делахь. Къилбаседа Корей хаза неха санна къевлина пачхьалкх ю.

Иза оццу къевлина яцахьара хуур дара, цигара нах шайн чотах футболе хьовса а, урамашкахь девзигаш хьекха а, музейшка а, концерташка а баха декхар бойла.

БIаьсте йолуш чIогIа самукъадолу массеран а. Амма Нохчийчура цхьаболчу нехан ца долу.

БIаьсте тIеярца, Соьлж-гIалахь футболан матчаш йолало. Иза халонга долу, цига баха таро йоцчарна а, шен кхин гIуллакхаш долчарна а. Зазадоккху-баттахь кхузза Соьлж-гIалара Ахьмат-арене бахар тIедиллира дарбан-хIусамашкахь, школашкахь белхаш бечарна а, юккъерчу а, лакхарчу а доьшийлийн студенташна а.

Соьлж-гIалара Ахьмат-Арена -- Кадыров Рамзанан Instagram тIера даьккхина сурт

Соьлж-гIалара Ахьмат-Арена -- Кадыров Рамзанан Instagram тIера даьккхина сурт

​Кхеташ долчу бахьанашца аса нехан цIераш ца ялош, уьш беха меттигаш билгал а ца йохуш даладо церан Маршо радионца хилла къамел. ХIара хьехархо ю дуьйцуш, шайна тIедилларх лаьцна.

Хьехархо-зуда: "Зазадоккху беттан 1, 8, 22-чу деношкахь даха деза. Хьайна ца лаахь ма гIо боху, амма 2 эзар сом охьадилла деза. 1-ра школера бераш дохуьйтуш ду 200 соьмаш гул а дина. ТIаккха хьехархочо охьадилла дезарг 50 сом ду, хьайна цига ваха ца лаахь."

Школехь болх беш волу хIара стаг а ву, тIедиллинчу кепехь футболе ваха декхарвина.

Хьехархо: "ХIора школера футболе хьажа баха беза хьехархой. Тхан школера, масала, I2 стаг ву. Тхайгара ахча вовшахтухий, лакхарчу классашкара дешархой я юьртара нах бохуьйту оха. Тхоьгара 21 туьма доьху, сезонехь шозза-кхузза даха дезаш хуьлу."

Iаьнан юккъехь Олимпан цIе еъча директоро хьехархой а, дешархой а, дарбан цIийнан коьртачу лоьро лоьраш а гIала дIабигира, некъан йистехь латта. Цу кьуйгалхоша автобус я машенаш лаца еза, шен кисанара ахча охьадуьллуш. Иштта концерташка хьовсабо. Маца долийна и гIиллакх Нохчийчохь? Маца юкъадаьккхина иза аьлла динчу хаттарна жоп луш, цо элира.

Хьехархо: ХIокху тIаьхьара 6-7 шарахь ду-кх иза. бераш (дешарна юкъардоху "тIай схьадоьллий, тIай дIакъовлий, хIара йой, важа йой", бохуш. Хьехархойн хьашташ ца дийцичхьана, и моттаргIанаш лелайо... и мероприятеш, царна вайн Iедалша мел духку ахчанаш доккха хIума ду. Концерташка дахар тIедожийна тхуна. Массо хIума тIедожийна ду тхуна. Хьалххе хоуьйту. Лаахь, ца лаахь цирке дахийти. Туркойчу дахар тIедожийна, 66 стаг вахийта боху. Нахана харжаш йовлу паспорташ дохуш, берашна кара ахчанаш луш... ГIебарта-Балкхаройчу даха деза 17 тоба. Цхьана тобанехь 12 стаг волуш."

Оццу хенахь, Москохара цирк елахь я цхьа артист, йишлакхархо Нохчийчуу бен хIунда ца воьду те ахча даккха? Нохчийчоьнна луларчу Дагестанехь, ГIалгIайчохь, ХIирийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Кхарачой-Чергазийчохь а дац тIедиллинчу кепехь, нуьцкъала, шайн чоьтах адам културан гуламашка хьовсор.
Шен лаамехь ша воьдуш ца хилча, шен цунах самукъа муххале ца долу, иза бале яьлла шена бохуш, кхин дIа а дуьйцу Нохчийчура вахархочо.

Хьехархо: "Кхузахь бен дац-кх иза. Вуон хIума ду иза. Районе билеташ дохуьйту, царах охьабилла, олий. И футбол бала хилла-кх. И стадион юза бохуш, гIад-амал дайъина-кх! «Футболе дахка ца лаьа шуна!», бохуш, мохь ма хьоькху цо."

Нагахь, хьаькамаша тIедиллинарг кхочуш а ца дина, хьехархой, масала, цу спортан а, кулутуран а гуламе ца вахча хIун хир ду? Ур-атталла, цу хаттаро а халчу хIоттийра хIара стаг.

Хьехархо: "Ахьа хIун дуьйцу хаьий хьуна? Паччахьо бохург дичхьана довлуш ду тхо! «Стадион юза» ма боху цо."

Ишта а ца тоьуш, кIезиг алапана дан амал доцу хьехархой эргIадоьху, дешаран хьелаш тодаран а, лакхадахаран а метта, шайгара ахчанаш дIаийзорах. Школийн дешархой а буьгу нуьцкъала, музейшка а, зиярте а. Нагахь, берийн дай-наноша ахча ца лахь – ала дашна, цу билетах доьху ахча ца такхалуш доьзалш шортта бу Нохчийчохь – шайгара охьадилла декхар бу хьехархой. Ткъа концерташка, уьш ца бахча а могуьйту, цара билетах доьху ахча охьадилчхьана.

Марет: "Футболе, концерташка а, музейшка а, хIинца зиярташка вахар а тIедиллина Iедало. Шайн чоьтах дан дезаш хIума ма дай иза. Бераш дIадигар ца тоьа, уьш мехаза чу ма ца дуьту. Берийн дай-наноша ахча ца лахь, тхайгара пхиппа туьманаш охьадахка дезаш а ду тхо. Концерте дахар тIедожийна тхуна. Шайна лаахь гIо, ца лаахь ма гIо, амма коллективо итт стагах долчу билеташна богIу мах охьабилла, аьлла. Иза ши эзар ду."

Соьлж-гIалахь бехачеран хьал гIоли карадо, ишта хIоьттинчу суьртехь. Некъана харжаш яккхий яц церан. Ткъа Соьлж-гIалина а, цу музейшна а, зиярташна а генахь бехарш а бу декхар, цига баха, аьлла деллачу хаттарна жоп луш Марета дийцира.

Марет: «Дера безий. Генахь балхахь ю тхан йиша. Аса латкъам бича, "шу-м, эцца чу дахчхьана довлара, тхо 100 чаккхарма геннара дуьйна дахка деза цига, тхайн чоьтах автобусаш лаьцна", элира цо. ШолгIачу батте даьлла, алапа схьаэцаза болчу хьехархошна 50 туьма ахча ма ду.

И киснахь доцуш шортта хьехархой бу. ТIаккха хьаькамо иза шен киснара охьадуьллу, тIаккха алапа схьа ма деллина, хьехархоша вовшах а тухий, хьаькаме дIало.»

Шовзткъе иттара яьллачу Марета дийцарехь, иза цкъа а футболца бала кхаьчна а, я цигахь хилла а яц. Нагахь санна, церан белхан коллективера цхьаннен воьдийла ца хилахь, стадионехь байракх лестош, гол тоьхча мохь хьекха безаш ю. Шайга хьаькамо хьалххе хаам бина, шаьш маса матче даха деза, бохуш дийцира цо.

Марет: «Хьалххе дуьйна аьлла кхаа матчана ахча охьадилла деза, даха деза, аьлла.»

Делахь а, Марет цкъа мукъа а футболехь хиллехь, цунах йоккха футболезархо хила там бара. ХIунда аьлча, цхьаболчеран чIогIа самукъадаьлла цига бахарх. Бакъду, футболан бакъонаш дика ца йовзарна, Терек командина гол тоьхча а, мохь биттина хазахетарца. Цунах лаьцна дуьйцу, тIедиллинчу кепехь футболе хьажа вахана хиллачу хIокху стага.

Хьехархо: ХIора школера 10-12 стаг вохуьйту футболе. Со зударшца нисвеллера цкъа Тереккий, Спартаккий ловзучу хенахь. Терке-кубань ловзуш а ваханера. Гол тоьхча тхо "Урреее" олий, хьалалелхара.

Тхоьца еана цхьа зуда-хьехархо, даиман чутухург, иза вайчара тоьхна моьттуш, шолгIачу матчехь кевнаш хийцаделлий ца хууш, хьалаиккхинера тхан директор. "ДIаяла, охьа хаа. И дIо заврайонона хьо гахь!", шега аьлча боху, "ой, хьалха а яцара хIокху етташ?" бахара. Оха чIогIа болеть дира царна тоьхча, вайначарна тоьхча а."

Цхьана эвларчу школера хьехархо Малика бертахь яханера Соьлж-гIалара Ахьмат-арене футболе хьажа. Цигара, футболе безам бахана цIаеара ша, бохуш дийцира цо Маршо радиога

Малика: «ЧIогIа хаза дара, шийла ца хиллехьара. Со цкъа а хилла яцара, хазахеттера суна. Мел долу хIума дицделлера суна цигахь.»

Нохчийчоьнан генарчу цхьана эвлахь болх беш ю хIара хьехархо. Iаьнан уггар шийлачу муьрехь школера бераш эцна, цирке дахар тIедиллира шайна, бохуш дийцира цо.

Хьехархо: «Iай четарна чохь еш йолу цирк муха хир ю? Шийла йолуш, милла дала дохкуш дигинера бераш. 25 туьма билеташна а хIоттийнера. Церан гастролаш ю, план ян езара аьлла, тхуна тIедиллинера. Берийн хIун бехк бу?»

Нохчийчоьнан Шелан кIоштара хIокху хьехархочо дийцарехь, бертаза уьш бахийтира, цирко ахча доккхуш дакъа лаца.

Разет: «"Лаахь ца лаахь, хIоккхул бераш дало деза аьлла, оцу шелонгахь, Iа уггар чIагIделлачу хенахь бераш цирке дигира. Концерт ю олу, церан а план кхочушъян еза. Хьан цу концертехь гIуллакх делахь, дацахь а ваха везаш ву хьо. билетийн мах 20 туьма бу. Хьо цига ваха йиш йолуш вацахь, цига баха корта лаха беза. Сайн даго къобалвина, сайна товш волчу илланчин концерте со гIур ю. Амма суна тIедожийча, дуьхьал гIорта дог догIу. Ца лаьа суна цига яха.»

Нохчийчохь балхахь мел волу стаг, Москохана муьтIахь долчу Соьлж-гIалара Iедалийн даздарийн а, самукъадаккхаран а гуламийн декъашхо ву. Ишта дуьйцу цунах лаьцна, Соьлж-гIалахь Iедалан цхьана хьукхматехь болх бечу хIокху зудчо.

Нохчийчура яхархо: "Лоьрех, хьехархойх, кхечу, Iедалан балхахь мел болчарах публика йина. Коьртехь берш реза беш, стадионаш юьзина хила еза боху. Дог ду дац, таро ю-яц, хоьттуш дац. Лаахь-ца-лаахь вахар тIедожош жу. Дуьненан цхьана маьIIехь тата далахь, адам вовшахтоха дезаш ду.

ГIалахь ког боцург а цIахь виса мегар дац, аьллера. Ворданна тIе а хаийна, валаве аьлла, митинге валон бахара. Хьалха стадион юьзна хилийта, дIавахча тоийтара, хIинца ахча охьадилла боху. Некъана ахча дала деза. Нахана дазлуш лаьтта иза.»

Оццу хенахь, нохчийн драматургин театре гIур болуш дуккха а бара. Царах ю хIара зуда а.

Нохчийчура яхархо: «Театрна делларг-м суна новкъа дац и ахча. Нохчийн драматургин театр алссам кхачийтахьара.»

Оцу кепара, балхахь долу адам шайн лаамехь ца хилар совнаха, церан цхьа а аьтто бац, мукъа деанчу дийнахь шайн гIуллакх дан. Субботникаш бохучу, урамаш, майданаш, некъан йистош а цIандан буьгу мехаза. Цул сов, хIора бIаьстенан юьххьехь, керстанийн марханаш дастале, республикехь долу 60 керста кешнаш цIандан декхар бу.

Цунна делахь, я кхечу бахьанаца делахь, Нохчийчура дIабаха луучу нехан терахь лакхахь лаьтташ ду. Царна юкъахь бу, луьра тIемаш боьлхучу хенахь а республикера дIавахаран ойла тIе ца йитинарш.

Нохчийчохь хIоьттинчу хьолана комментари яр дийхира Маршо радионо вевзаш волчу синIаткъаман говзанче Китаев-Смык Леониде. Нохчийн республикехь тахана кхолладелла хьал цкъа Советан заманахь леллачуьнца дуоза хьаьжира иза. Юха, дуьненанахь цу тайпа масала лаха хьаьжира. Эххар, ишта элира говзанчо.

Китаев-Смык: «Уггар хьалха суна дагатосург, иза културан мероприяти хилар ду. Амма, бераш нуьцкъала, цаьрга хоьттуш хIума доцуш, цирке, концерте, театре дигар нийса ца хета. Церан цигахь самукъадолу аьлла а дац. Цхьана агIора, шайна гуш дерг дика ду аьлла хета дезаш ма дай царна. Церан дегнаш кхета деза.

Ткъа баккхийниш, уьш бераш ма дац. Уьш нуьцкъала бигарх ца кхета со. Иза церан сий дайъар санна хIума ду. Цхьа кхерам тесчий бен бен бигалур буй уьш? И хIун кхерам бу суна ца хаьа. Амма кхерамца бен далур дац иза.»

Оьрсийчохь дIахьуш йолу културан а, спортан а мероприятеш чIогIа еза хуьлу. Вуно дукха нехан таро яц цига баха, аьлла, кхин дIа а дийцира Китаев-Смык Леонида.

Китаев-Смык: «Тхан кхузахь, Оьрсийчохь дIахьуш йолу културан мероприятеш, уьш диканиш елахь - дика театр, дика концерт, спортан даздарш делахь а - уьш чIогIа деза хуьлу. Цундела, дукхах болчу нехан ахча дац цига баха.

Аса юьйцург Москох а, Оьрсийчура, ахча кхин а кIезиг долу адамаш деха, кхин йолу гIаланаш а ю. Дукхах болу нах хIинца театршка ца боьлху. Концерташка а ца боьлху. Еккъа телевизион йисна царна. Ткъа телевизион ирча, эвхьаза, къам Iовдалдеш а ю. Оьрсийчохь бехачу нехан хье талхош ю иза.

Нохчийчохь ерг муха ю ца хаьа суна. Цундела, концерташка, футболе, музейшка бигар дика-ду дац аьлла, атта жоп ца далалур дац. Вуон ду нуьцкъала бигар. Културица доьзна хилча, мелла а цхьа пайда а хир бара. Иза стеган сий дойъуш делахь а.

Амма, цо културо бан беза дика тIеIаткъам харцбоккху. Оццу хенахь, нах митингашка нуьцкъала бохуьйтуш белахь, тхо долчехь а и саннарг деш ду Москох а, кхечу оьрсийн гIаланашкахь... Оцу хIумано стеган сий дайъина ца Iаш, цо дуьхьало а гIаттайо. Адамийн дуьхьало гIаттор чIогIа кхераме хIума ду. Кхехкаш лаьттачу яйна тIе негIар теIор санна хIума ду иза. Цуьнан жамI, дукха хьолахь дика ца хуьлу.»
XS
SM
MD
LG