ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсашца барт ца буху некъ лоьху Iаьмерко



Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дIахьедина, Оьрсийчоь янне а яц Украинан доза хадон а, я цунна герга эскарш оза а лерина, аьлла. Москох телевизионехула Лавровс дийцира, Малхбаленний, Оьрсийчоьнний юкъайоьлла конфликт йоьрзуш ю аьлла.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаментан куьйгалхочун Керри Джонанний, Лаврованний цхьаьнакхетар ду кестта хила дезаш. И лаам къадийнарг Вашингтон ю. ПIераскан сарахь телефонехула къамел хилла президентийн Путин Владимиранний, Обама Бараканний. Обамас дехна Путине оьрсийн эскарш Украинан дозане цагулдар. Ткъа Путина латкъам бина Iамеркан президенте, «Украинехь экстремисташ хьийза марсабевлла» аьлла.
XS
SM
MD
LG