ТIекхочийла долу линкаш

Президентан дарж къовса кечлуш бу Украинера политикаш



Украинан политика Кличко Виталийс цхьа бутт ах бутт баьлча хуьлучу президентан харжамашкахь мехкан лаккхара дарж къовса кечлуш ву ша аьлла хаам баржийна шен «Удар» партин гуламехь шоьтан дийнахь. Иштта Украинан президентан дарж къовса кечвелла ву махкахь вевза бизнесхо-миллиардер Порошенко Петр а. Ткъа хьалхо къоман лидеран меттиг ша къовсур юйла хаийтира набахтера бутт гергга хьалха маьршаяьллачу политика Тимошенко Юлияс а. Кхин а кIира хан ю кандидаташка язлочарна и дан.
XS
SM
MD
LG