ТIекхочийла долу линкаш

Нохчо Iилманча хилча а хьийзаво Москох



Оьрсийчоьнан Iилманийн академица Москох ша чохь ехачу юкъарчу хIумера чоь къовсуш ю кхелехула оцу академин Iилман информацин институтан белхахо-Iилманча, нохчо Шахбиева Мадина. Иза институтехь болх а беш, ткъа шарахь сов чохь Iийна чоь цуьнга мукъаяккха аьлла кхо шо хьалха.

ХIетахь дуьйна шен тховкIело къуьйсу академица зудчо. Шена дуьхьал ша балхара дIаяла аьлла даржийна, ткъа ша-м яц балхах мукъаяьлла а, бохуш чIагIдо цо кхелехь. Цхьа кхел хилла деношкахь. Амма цо ца къастийна девнан жамI. ХIинца юха а девне делла Шахбиевас шен гIуллакх.
XS
SM
MD
LG