ТIекхочийла долу линкаш

Медведев кхаьчна ГIирме


Шеца вице-премьераш а, министрш а балуш Украинерчу ГIирме веана Оршотан дийнахь Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий. Москохо ГIирмана аннекси йинчул тIьахьа цига веана волу угггаре а Оьрсийчоьнан лакхара хьаьким ву Медведев.

Симферополехь меттигера Iедалхошца цо дIаяьхьира леррина кхеташо. Дийцаре динарш дара ГIирман социалан хьашташ кхочуш дарца а, экономика кхиорца а доьзна хаттарш. Кестта ГIирмахь Оьрсийчоьнан банкан система болх бан йолалур ю элира Медведев Дмитрийс.

ГIирмана аннекси яр тIеоьцуш дац дуккха а пачьалкхаша. Бакъонца догIуш дац аьлла хета Оьрсийчоьно лелош дерг Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташана а, Евробртана а.
XS
SM
MD
LG