ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхеле озийна Мушарраф


Пачхьалкхана ямарт хилла аьлла официалан кепара бехк кховийна Пакистанан Iедалша цу мехкан президент хилла волчу Мушарраф Первезе. Дерриг а цунна бехке дуьллуш ду пхи зулам дар. Амма а Мушаррафа тIе ца дитина шена дохкуш долу бехкаш. Исламабадерчу лерринчу кхело сацам бина Мушараф набахте чуволла, нагахь иза шен г1уллакх луьстуш кхела ца ваг1ахь.

Пакистанан хилла волу президент бехке веш ву 2007-чу шарахь цу пачхьалкхехь къепедацарш хилча Конституци болх бечура саца а йина, махкахь чолхе хьал кхайкхорна. Нагахь Мушарраф бехке хилар тIечIагIдахь иза чувуллур ву велла дIаваллалц аьлла хан а тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG