ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхази а, Къилба ХIирийчоь а къобул ярна дохкояьлла Тувалу



Полинезехь Iуьллучу жимчу Тувалу олучу пачхьалкхо юхабаьккхина 2011-чу шарахь Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар къобул деш шайн Iедалша тIеэцна сацам. Цуьнах лаьцна хаам бина Оршотан дийнахь Гуьржийчоьнан хаамийн гIирсаша.

Тувалу юхаяьлла шайн арахьарчу гIуллакхийн министро Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца дагадовлар дIадаьхьначул тIаьхьа. Царшимма шина пачхьалкхан дипломатийн уьйраш тосуш тIеэцначу документан тIехь дуьйцуш ду Тувалу-пачхьалкхо гIортор йо Гуьржийчоьнан территори екъа йиш йоцуш хиларна аьлла.

Оьрсийчоь йоцург, Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш хеташ ю кху дуьнентIехь кхо пачхьалкх - Никарагуа а, Венесуэла а, Науру а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG