ТIекхочийла долу линкаш

Исторехь дуьххьара Парижан мэр хаьржина зуда


Муниципалан харжамийн шолгIа мур хилла КIирандийнахь Францехь. Цуьнан жамIашца а догIуш, дуьххьара исторехь Парижан мэр хаьржина Социалистийн партин кандидат Идалго Анн. ТIаьхьарчу шерашкахь иза марехь яра Парижан мэран когаметта волчу Деланоэ Бертранехь.

Идалгона шайн кхаьжнаш дIаделла 54 процент цу харжамашкахь дакъалаьцначу наха. Амма цуьнга хьажна доцуш, Социалистин парти эшна меттигера куьйгалхой хоржучу харжамашкахь. Миграцин политика чIаъян еза бохучу лозунгашца харжамашкахь дакъалаьцначу Къоман фронто цкъа а ца хиллачу кепара кхиам баьккхина аьлла дIахьедар дина цу партин куьйгалхочо Ле Пен Марина.
XS
SM
MD
LG