ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъаралло гIо дийр ду Украинина


Оьрсийчоьно дакъа а лоцуш, Украинерчу хьолана хьажийна йолу дуьненаюкъара конференци дIаяхьа еза аьлла кхайкхам бина Германино а, Францино а, Полшано а. Оршотан дийнахь Украинехь хуьлучух дагабовла Веймарехь цхьанакхеттера цу кхаа пачхьалкхан арахьарачу гIуллакхийн министрш Штайнмайер Франк-Вальтер а, Фабиус Лоран а, Сикорский Родослав а.

Цара динчу дIахьеда тIехь аьлла ду, дуьненаюкъаралла Украинина Iортор еш хилар гайтар Iалашонца а, дуьненаюкъараллан лаам цхьаьна тоха а, Украинехь оьшуш йолу реформаш йийцаре ян а дуьненаюкъара конференци ян еза аьлла.

Цу конференцино накъосталла дийр ду Украинина дуьненаюкъараллера гIо гул дан аьлла ду министрша бинчу кхайкхаман тIехь. Цигахь Оьрсийчоьно дакъалаьцча дика хир дара аьлла хета царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG