ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 стаг вийна Оьрсийчохь националисташа


ХIара шо даладелчхьана 7 стаг вийна Оьрсийчохь ксенофоби а, кхечу къаьмнашка цабезам хилар бахьана долуш, тIелетарш а дина. Кхин а 29 стаг лазицна ву. Цунах лаьцна «Интерфаксе» хаам бина «Сова» олучу адамийн бакъонашкахула йолчу центрехь.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь тIелетарш дина Оьрсийчурча 9 регионехь: Москох а, Петарбухехь а, Москохан а, Владимиран а, Иркутскан а, Сахалинан а областешкахь а, Карелехь а, ГIезалойчохь а, Перман махкахь а. ХIара шо доладелчхьана расистийн а, ультрааьттоагIор а пропаганда ярна чувоьллина 25 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG