ТIекхочийла долу линкаш

150 эзар стаг вийна Шемахь кхаа шарахь тIом лаьтташ


Шемарчу Iедалшца йоьзна йоцучу юкъараллин организацино бинчу хаамца 150 эзар стаг вийна Шемахь цигахь 2011-чу шарахь Зазадоккху-баттахь тIом болабелчхьана. Лондонехь туп тоьхна йолчу Шемахь адамийн бакъонаш ларъярехула йолчу организацино дийцарехь цу юкъахь ду 8 000 бер.

Бакъонашларъярхоша чIагIдо Шемарчу конфликтехь 58 эзар Iедалан ницкъъийн декъашхо а, 38 эзар гIаттамхо а вийна бохуш. Шемар конфликт йолаелира Iедалшна дуьхьал хьажийначу машаран демонстрацешна тIера. Iедалша ницкъаца и нах дIасалаьхкича, церах цхьана декъо кара герз йийцира. Цул тIаьхьа цуьнах хилира махкахойн тIом.
XS
SM
MD
LG