ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура сурсаташна бойкот йина Украинехь


Украина -- Одесса-гIалахь студенташа акци йинера супермаркетехь, оьрсийн сурсаташ ма эца, бохуш, 30Заз2014
Украина -- Одесса-гIалахь студенташа акци йинера супермаркетехь, оьрсийн сурсаташ ма эца, бохуш, 30Заз2014

Украинехь Оьрсийчура кхоьхьу сурсаташна бойкот кхайкхина украинхоша. Цул сов, оьрсийн долахь йолчу туьканашка а, кхача кечбечу меттигашка а ца бахар доьху жигархоша. Оццу хенахь, экономикина гIортош еш меттигера мехаш лакхадаьхна Украинан Iедалша. Шен агIора, Москохо а лакхабаьккхина Украинина юхкучу газан мах.

Украинхой бойкот еш бу Оьрсийчура сурсаташна. Киевера «Сегодня» газето бечу хаамца, цхьаммо аьлла хIума доцуш, нах шаьш севцца шайн туьканашкахь духку Оьрсийчоьнан 46 штрих-код тIехь йолу сурсаташ оьцучара. Цара дийцарехь, агрессор йолчу пачхьалкхе ахча доккхуьйтуш дакъа лаца ца лаьа царна. Нийсса шина кIирнахь Оьрсийчура сурсаташ дохкар лахделла 40%.

Оьрсийчоь Украинина тIейирзинчу минотехь дуьйна дукхах берш Украинехь деш долу сурсаташ эца буьйлабелла. Цхьайолчу яккхий туьканашкахь, супермаркеташкахь, туьканан белхахоша хIума эца баьхкинчаьрга олу, шаьш оьцучу хIуманан штрих-код тIе хьовса. Цу тIехь хьалха лаьтташ долу 46, и сурсат Оьрсийчохь дина хиларан билгало ю, олий.

Украинан малхбузехь йолчу цхьайолчу супермаркеташа оьрсийн сурсаташна дуьхьал йоза туху «Оккупанташна бойкот!», олий. Жигархой кхин а гена бахана.
Оьрсийн долахой болчу туьканашкара бедарш ца эца а, церан долахь йолчу кхачанан меттигашкахь хIума ца яан а, церан телевизионан каналашка ца хьажа а кхойкху. Иштта, кинотеатршкахь Оьрсийчохь яьхначу киношка хьовса а ца боьлху украинхой.

Черкассы-гIалин юккъерчу цхьана супермаркетехь акци дIаяьхьна меттигерчу студентийн кхеташоно. Туьканахь оьрсийн сурсаташ лаьттачохь студенташа йозанаш лецира «Оьрсийниг эцна – тIамана ахча делла!», «Бойкот е Оьрсийчура йолчунна!», «Оьрсийниг эцахь – оккупант кхобу!», «ТIамна гIортор ма е!». Шайн акци ерзош, студенташ лаьтта охьаэгнера, оьрсийн сурсташа эцча хин дерг гойтучуха.

Оцу юкъанна, Украинера йохкаран брендаш сиха меттах а евлла, цу хьолах пайда оьцуш ю. «Украинерниг эца, Украинина дола де!» боху акци дIахьош ю уьш. ХIора йоьхкинчу хIуманах деллачу ахчанна тIера итт кепек Украинан эскаран чота тIе доккхур аьлла дош делла цара.

Украинхой зударша а ша-тайпа дакъа лаьцна Оьрсийчоьнна ечу бойкотехь. Оьрсийчура божарий тергал ма бе боху акци дIахьош бу уьш.
Оьрсийчоьно Харьковехь бина барташ юха а баьхна, газанна тIетоьхначу мехашца цхьаьна, эхе кхоччуш лакхаболуш, арара чудохьучу йийх, 25% процент лакхаболуш бу маларх а, тонканах а луш болу мах. Гуьйре тIекхачале хьаьалбохур бу уьш.
XS
SM
MD
LG